Нохчийчоьнна 15 «ЛиАЗ» автобус елла

Москван Правительствон сацамца нийса а догӀуш, Россин пачхьено Нохчийн Республикина 15 «ЛиАЗ» автобус елла, хӀора а 90 пассажирана лерина а йолуш.

Керла автобусаш тӀейогӀучу хенахь Соьлжа-ГӀалин Старопромысловски кӀоштарчу маршруташкахула дӀасалела юьйлалулур ю, шаьш арайовларца цхьаьна белхан 30 меттиг а кхуллуш. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а министра Черхигов Рамзана.

Нохчийчоьнна втобусаш яларна, цо Москван мэрана Собянин Сергейна баркалла элира.

Иштта, министра тидамза ца дитира махкара транспортан система а, юкъараллин транспорт а кхиоран а, цӀинъяран а гӀуллакхна доккха гӀо-накъосталла деш республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хилар а.

№61, хьаьттан (август) беттан 8 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: