Къоман «ХӀусам а, гӀаланашкара хьал а» программин юкъарчу «Стимул» подпрограмма кхочуш а еш, Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос 80 берана лерина керла берийн беш йина – Шуьйтан кӀоштарчу Бекум-Кхаьллахь.

Ахчанца а, гӀирсаца а кхачам хиларе хьаьжжина, гӀишлошъярхоша болх жигара а, эвсара а бина хилар билгалдолу берийн беш хенал хьалха йина яьлла хиларца.
Объект ярна 99 процент ахча федерацин бюджетера делла дара, ткъа иза еш йина харж, ахчане яьккхича, 72,3 млн сом нисло.
Берийн бешахь дийшаран а, кхачанан а, медицинин а блокаш хилла ца Ӏаш, берашна кхиарна а, спорте марздаларна а бина аьттонаш бу.
Цул сов, уьйтӀе а, кетӀе а, гонахара майда а тойина, ур-атталла берашна тӀаьхьабогӀучу дай-наношна а, белхахошна а, хьешашна а машенаш дӀахӀиттайойла а еш.
Иштта, билгалдаккха догӀу керлачу берийн бешана гена доццуш деш дукхапетарийн цӀенош а хилар. Царна чохь Ӏийр болчу бахархойн берашна а чӀогӀа аьтто баьлла юххехь берийн беш хиларх.
Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Газалапов Ахьмада хаийтина керлачу берийн беша хьалхара бераш карарчу шарахь гӀуриг хилар.
И.ИСЛАМОВ
№61, хьаьттан (август) беттан 8 де, 2020 шо