Нохчийчоьно алссам сурсаташ доьхкина

Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствос АПК-н сурсаташна экспорт яран барам бовзийтина. Цуьнца нийса а догӀуш, хIокху шеран хьалхарчу эхашарахь Нохчийчуьрчу АПК-н сурсаташ дохкар 4,3 млн $-н барамехь ду.

2019-чу шеран оццу муьрца дуьстича, 129,2 процент нисло иза – аьлча а, 29,2 процентана алсам экспорт яр.

Билггал сурсаташ схьаэцча, иза 19,5 эзар тонна нисло, ткъа стохкалерчу оццу муьрца дуьстича, 168,6 процент я 68,6 процентана алсам.

Нохчийчоьно АПК-н сурсатех уггаре а дукха духкуш кенан ораматаш ду, хӀунда аьлча, дийнна доьхкинчу 19,5 эзар тонна сурсатех уьш (кенан ораматаш) 19,3 эзар тонна нисло, ахчане даьккхича, 3,9 млн $ а хуьлуш.

Цул тӀаьхьа жижиг а, жижигах дина сурсаташ а догӀу – 0,5 процент я 0,1 млн $.

КхидӀа чӀерий а, хица доьзна кхидолу сурсаташ а догӀу – 0,1 процентана тӀера 0,5 проценте кхаччалц я 0,2 млн $-н барам.

Дагадоуьйту, къоман проектаца нийса а догӀуш, 2024-чу шарахь Нохчийчуьрчу АПК-н сурсаташна экспорт яр 5,2 млн $-н барамехь хила дезаш хилар.

И.АДАМОВ
№61, хьаьттан (август) беттан 8 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: