Медицинин гӀо-орцанан коьрта дакъа ларалуш ду медико-санитарин хьалхара гӀо (ПМСП), шен юкъа лазаршна а, цамгаршна а лерина профилактика, диагностика а, дарба а догӀуш.

Медициница «хьакхабалар» бахархойн ПМСП тӀера дӀадолалуш хиларе терра, иза кхиорехь а, цунна юкъа керланаш далорехь а жигара къахьоьгу МогашаллаӀалашъяран министерствос.
Цуьнан гурашкахь йина яра 2019-чу шарахь республикехь 5 ФАП (фельдшерийн-акушерийн пункт) а, 4 ФП (фельдшерийн пункт) а.
Карарчу шарахь, оццу белхийн гурашкахь, шира гӀишлош дӀа а йохуш, церан метана 6 ФАП ян а лерина ю МогашаллаӀалашъяран министерство, ткъа тӀедогӀучу шарахь – медицинин мобилан комплексаш эца а.
Иштта, карарчу шеран гурахь дуьйна, шен болх дӀаболор бу Нохчийчохь санитарин авиацин службо а.
«Санитарин авиацих пайда а оьцуш, медицинин гӀо-орца шен хеннахь кхочуш нисдар» аьллачу белхийн гурашкахь дӀахьош гӀуллакх ду иза.
МогашаллаӀалашъяран министерствос бинчу хаамца а догӀуш, санитарин авиацин гӀоьнца 95 адамна сиха гӀо-орца кхачо (дархо сиха дӀасавигарца) аьтто хир бу цхьана шара чохь.
2020-чу шарахь санитарин авиацин беркеманех 60 сохьтехь пайдаэца лерина республикехь.
И.АДАМОВ