Кадыров Рамзан: Лоьраша коронавирусца доьналлица а, лаккхарчу говзаллица а къийсам латтабо

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана COVID-19 коронавирусан ун дIасацадаржийтаран Кадечу штабан кхеташо дIаяьхьира.

Кхеташонехь пандемин муьрехь республикехь долу эпидемиологин а, экономикин а, гуманитарни а хьал дийцаре дира.

Цигахь докладаш йира Нохчийн Республикин Правительствон председатела Хучиев Муслима а, Нохчийн Республикин Парламентан председатела Даудов Мохьмада а.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира COVID-19 дIасацаяржийтарца долу хьал Iедалан къаьсттинчу тергонехь хилар. Иштта, цо адамаш дукха гуллучохь юкъаметтиг ларъяре а, мIаьжигаш лелоре а кхайкхира, хIунда аьлча коронавирус хIинца а адамийн дахарна а, могашаллина а кхераме хиларна.

Вай кхиамца къийсам латтабо коронавирусца. Ун даржар лахделла догIу. Оцу цамгарца къийсам латто вайн оьшуш болу гIирсаш а, техника а, говзанчаш а бу. Делахь а, эпидемиологин хьал дикачу агIор хийцаделлехь а, COVID-19 цамгар хIинца а кхераме ю. Цундела леррина ларъян еза адамашна юккъера юкъаметтиг а, мIаьжигийн раж а, – элира цо.

Хучиев Муслима дийцира экономикин хьал а, бахархойн Iер-дахар а кхидIа цаталхийтаран Iалашонца, бахархошна гIо-накъосталла даран 30 сов федеральни а, регионан а гIуллакхаш дIадаьхьна хилар. Цунах гIо хилла 20 доьзална а, 500 эзар сов берана а, иштта 7 эзар бизнесменна а.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо сагIанаш дахар бахьанехь, 50 эзар сов доьзална, царна юкъахь хала бохкуш болу доьзалш а болуш, 700 миллион сом сов ахчанца а, ши миллион гергга сурсатийн тIоьрмигашца а гIонакъосталла дина.

Даудов Мохьмада дийцарехь, Нохчийн Республикехь керла ун юкъадаьлчхьана дуьйна 2 152 стаг цомгаш хилла, кхелхина 34 стаг. Регионан медицинин учрежденешкара товелла араваьлла 1 423 стаг.

ДIадаханчу дийнахь-буса COVID-19 цамгар кхетта Нохчийн Республикин 5 вахархочунна. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо лаккхара мах хадийра республикин медицинин белхахоша бечу белхан.

Къаьсттина суна билгалбаха луур дара вайн лоьраш. Цара коронавирусца доьналлица а, лаккхарчу говзаллица а къийсам латтабо. Пандемин мур болабелчахьана бархI лор кхелхина вайн. Вай уьш биц бан ца беза, тIекхуьучу тIаьхьенашна церан хьуьнар а, доьналла а дIадовзийта а деза. Оцу тIехь болх бар МогашаллаIалашъяран министерствона тIедуьллу ас, – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.

I.МУРТАЗОВ
№62, хьаьттан (август) беттан 12 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: