Масех де хьалха Нохчийн Республикин пачхьенехь 11 шо долчу Якубов Iаьрбис а, 10 шо долчу Дукуев Мохьмада а прессан упражненеш ярехула а, брусаш тIехь куьйгашца айаваларехула а дуьненан ши рекорд хIоттийна. И мероприяти дIаяьхьира «Грозный» НПТРК-хь.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министр Кадыров Хьамзат а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Нохчийн Республикин хаамийн а, зорбанан а министр Дудаев Ахьмад а, иштта республикин бевзаш болу спортсменаш а.
Уггаре а хьалха шен ницкъаш зийра Дукуев Мохьмада. Прессан упражненеш ярехула керла дуьненан рекорд хIоттийра цо. Къоначу спортсмена шина сохьтехь 2 780 упражнени йира. Шел хьалха, 2085 упражени а еш, рекорд хIоттийна хилла волчу Кхарачойн-Чергазийн Республикерчу Джемакулов Мухьаммадал хьалхаваьлла иза.
Иштта, шен нийсархо санна, кхиаме кхечира Якубов Iаьрби а. Брусаш тIехь куьйгашца айаваларехула дуьненан рекорд хIоттийра цо. Якубовс 551 упражнени йира.
Билгалдаккха деза, иза Якубов Iаьрбин шолгIа дуьненан рекорд хилар. Хьалха, цкъа волавелла, 4 874 куьйгаш тIехь айаваларан упражнени а йина, дуьненахь а гIаравелира иза.
Республикин физически культурин а, спортан а министра Кадыров Хьамзата билгалдаьккхира республикин тIекхуьуш долчу къоначу чкъуро шайх дозалла дан йиш а йолуш, дуккха а кхиамаш бохуш хилар.
– ХIора а дас-нанас шайн берашца болх а беш, кхетош-кхиош хилча, вайн тIекхуьуш долчу чкъурана юкъара дуккха а хьакъболу спортсменаш бевр бу. Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьанехь, вайна тахана гуш ду нохчех массанхьа а дика дош олуш хилар. Дала мукъ лахь, кхидIа а иштта дехар ду вай, – элира Кадыров Хьамзата.
Мероприятин чаккхенехь къоначу спортсменашна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо грамоташ а, мехала совгIаташ а дира.
I.МУРТАЗОВ
№62, хьаьттан (август) беттан 12 де, 2020 шо