Республикин социальни-экономикин дакъа кхиорна царах боккха Ӏаткъам хиларна, къоман проекташ кхочушъяр лерринчу тергонехь латтош ду Нохчийчохь.

Цуьнан гурашкахь 2019-чу шарахь Республикин Бизнес-туьшахь Экспортана гӀо-накъосталла даран туш кхоллар а.
Иза кхоьллира къоман «Жима а, юккъера а совдегаралла а, совдегарийн дӀадолоршна гӀо-накъосталлар дар а» проектаца догӀуш а дара.
Лакхахь хьахийначу туьшан коьртачу декхарех цхьаъ ду Нохчийн Республикерчу жимачу а, юккъерчу а совдегараллин экспортана леринчу сурсатех лаьцна хаамаш дуьненаюкъарчу махлелоран (электронан) майданашкахь зорбатохар а, баржор а.
Карарчу хенахь электронан кепара махлелоран «All.biz» (кхачанан сурсаташ дохкар) сервисца барт бина а бу, цу тӀехь «ЧеченХолод» а, «Аргунский мясокомбинат» а юкъараллийн сурсаташ довзийтар а, дохкар а хир ду.
Цул сов, «Aboutyou» (брендийн духар дохкар) а, «Amazon» (адамна чохь а, цӀахь а хьашт долу сурсаташ дохкар) а сервисашца барт баран декъехь беш болх а бу.
Оцу туьшо беш болу болх совдегаршна маьхза нислуш бу, иштта, оцу сервисаш чохь, кхидӀа йолчу ханна, шайн агӀонаш лело а, сурсаташ дохка а уьш Ӏамор а болуш.
Иштта, жимачу а, юккъерчу а совдегараллина гӀо-накъосталла даран Ӏалашонца, Республикин Бизнес-туьшахь Инжиниринган туш а, Социальни декъерчу инновацийн туш а ю.
И.ИСЛАМОВ
№62, хьаьттан (август) беттан 12 де, 2020 шо