Карарчу шарахь Нохчийн Республикехь 1 078-зза цӀеялар билгалдаьлла, шайх 720-зза яьлла цӀе дакъаделлачу ораматех а, сеналлех а йолуш.

Говзанчаша билгалдаккхарехь, арахь йовха хиларца доьзна ца Ӏа цӀераш йийлар алсамдалар.
Цунна бехке дукха хьолахь, цӀецаялийтаран лехамаш талхош долу, адамаш а хуьлу.
МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхалло хоуьйту, цӀераш йийларна бехке а волуш, 420 стаг жоьпе озийна хилар.
№62, хьаьттан (август) беттан 12 де, 2020 шо