Р.Кадыровс «Ту-104 АК»-н мемориал меттахӀотторехь гӀо дина

Москван областан Королев гIаларчу Звездный городокерчу Космонавташ кечбаран туьшахь Ту-104 АК-н мемориал схьайиллина.

Ӏаморан-тренировкийн кема Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу регионан юкъараллин фондо а гӀо-накъосталла дарца тодина.

Мемориал схьаелларехь дакъалецира Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама а, Россин Президентан хьехамчас Эдельгериев Руслана а, Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин хьаькаман заместитела Мартынов Даниила а, космонавтикин ветеранаша: хьалхарчу зуда-космонавта Терешкова Валентинас а, цӀеяхханчу космонавта Климук Петра а.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна Р.Кадыровна а, Россин регионаш кхиоран «+7» фондан директорна Т.Кургинна а В.Терешковас а, кхечара а баркаллаш бехира.

Д.Мартыновс, Р.Кадыровн кост дӀа а доьшуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун цӀарах гулбелларш декъалбира комплекс схьаелларца а, ТIеман-хIаваан ницкъийн денца а.

Цул сов, кхидӀа йолчу ханна а Нохчийчоьнан куьйгаллера гӀо-накъосталла хирг хилар а хаийтира Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин хьаькаман заместитела.

Дагадаийта догӀу космонавташ кечбаран декъехь Россин спецназан университето (РУС) а, ЦПК-с а бертахь болх бийриг хиларан хьокъехь барт хилла хилар: лаьмнийн меттигашкахь висахь дан дезарг; лоьрел хьалха медицинин гӀо-орца кхачор; четар лелор; и.дӀ.кх.а.

И.ИСЛАМОВ
№63, хьаьттан (август) беттан 15 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: