Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан Ш.Эпендиевн цIарахчу республикин клиникин больницехь хилира. Цигахь министр ортопедин а, травматологин а, ткъа иштта, офтальмологин а отделенешка хьаьжира.

Республикин клиникин больницин коьртачу лоьраца Успанова Сацитица Сулейманов Эльхан лакхахь юьйцучу отделенийн операцеш ечу а, отделенийн палаташка а бIаьргтухуш чекхвелира.
«Нохчийн Республикин бахархошна йоккха хьашто ю лаккхарчу технологин гIирсийн гIоьнца медицинин гIо дар. Цундела коьртаниг ду оцу отделенийн болх планан ражца дIанисбар», – билгалдаьккхира Э.Сулеймановс.
Республикин клиникин больницехь йийр йолу операцеш кхузаманан тоьллачу гIирсашца а, дарбалелорехь дикаллица гIараевллачу кепашца а хир ю.
Цхьаьнакхетарехь дархойн больнице кхачаран а, кхидIа цаьрца дIабахьа безачу белхан а маршрутах дерг а билгалдаьккхира.
«ТIейогIучу хенахь республикин бахархойн Республикин клиникин больницехь аьтто хир бу шайна офтальмологин медицинин гIо маьхза кхочушдайта. Ортопедо—травматологин операцеш планаца а, экстренни а йийр ю чолхе чевнаш хиллачарна», – хаам бо могашаллаIалашъяран министра.
З.ХИЗРИЕВА
№63, хьаьттан (август) беттан 15 де, 2020 шо