«UTair»-н кеманаша Соьлжа-ГӀалица «вовшахтоьхна» Россин кхин а ши гӀала

«UTair» авиакомпанин 70 пассажирана лерина долу «ATR 72-500» кеманаш Соьлжа-ГӀаларчу аэропортера Россин кхин а шина гӀала – Сочи а, Аштаркхне а, лела дуьйладелла.

Аштаркхне рейсаш кӀиранах 3-зза хир ю: оршот, еара, кӀиранде, Сочи – кӀиранах 2-зза: оршот, еара.

Бахархойн керлачу авиамаршруташна билеташ utair.ru сайта тӀехь а, смартфонашна леринчу «UTair» приложени чохь а эца аьтто бу.

№63, хьаьттан (август) беттан 15 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: