Россехь садаьIначу россихошна ахча юхалур ду

Чоьхьара туризм кхиоран гурашкахь, Россин Правительствос бечу белхашца а догӀуш, Россехь садаьӀначу россихошна-туристашна ахча юхадала (кэшбэк) долор ду хьаьттан беттан 20-чу дийнахь дуьйна. Иштта хаам бина Россин Правительствон вице-премьера Чернышенко Дмитрийс.

Россехь садаӀаран тураш эцарна кэшбэк ялар хьаьттан беттан 28-чу дийнахь чекхдер ду.

Ӏедалан векалшна хетарехь, оцу гIуллакхехь дакъалаца тарло 3 млн сов россихочо.

«Туроператорийн гӀоьнца а, шаьш-шайна а тураш эцначу туристашна лерина ю и программа. Шайна кэшбэк езачара «мирпутешествий.рф» порталах пайдаэца беза» – билгалдаьккхина Россин Правительствон вице-премьера.

Делахь а, говзанчаша дийцарехь, Россерчу дукхахйолчу санаторийн йиш хир яц кэшбэк туристашна юхаерзоран программехь дакъалаца, хӀунда аьлча, санаторийн могӀарехь чӀогӀа кӀезиг ю туризман гӀуллакхалла лелоран декъерчу законийн лехамаш кхочуш а беш, лерринчу классификацех чекхъевлларш.

Мангалан (июль) беттан хьалхарчу деношкахь, Правительствос Россехь садаӀарна россихошна-туристашна мелла а ахча юхадерзо долор ду аьлла дӀакхайкхош, Россин премьер-министра Мишустин Михаила бовзийтира цхьа лехам – тураш, ахчанан «Мир» системах пайда а оьцуш, эцна а, эца езаш а, 25 эзар соьмал кӀезиг хила ца езаш а хилар.

Лаххарчу барамца (25 эзар сом) эцначу турах россихошна юхаерзор йолу кэшбэк 5 эзар сом хир ю, 50 эзар соьмал еза эцначу турах – 10 эзар сом кэшбэк, 75 эзар соьмал еза эцначу турах – 15 эзар сом кэшбэк.

И.АДАМОВ
№63, хьаьттан (август) беттан 15 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: