Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочуьнца Закриев ИбрахIимца цхьаьна, дIадаханчу пIераскан дийнахь, Шинасуьйра-Юкъ юьртахь еш йолчу ипподроме хьажа вахара.

Карарчу хенахь цигахь чекхдоккхуш ду 1 600 стагана охьахаа меттиг йолу трибунаш яр. Цул сов, ипподромана юххехь садаIаран йоккха база хир ю, айманаш а йолуш.
ГIишлошъярхоша хIинцале сацкъарх дIацIанбина айманийн бух, церан бердайистошца исбаьхьа цIенош дина, кхуза баьхкинчаьрга садаIийта.
– Герггарчу хенахь кхузахь башха хьелаш кхуллур ду чIерий леца, говрашкахь, гIаш, вилспеташкахь дуьйладала. СадаIаран базин коьртачу бегIийлех цхьаъ лара деза иза Соьлжа-ГIалина юххехь хилар, машенахь кхуза пхеа минотехь схьакхача аьтто хилар, – элира Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо ша аьлларг тIедузуш билгалдаьккхира карарчу хенахь республика цхьанаэшшара массо а агIор кхиаран новкъа хьалхахьа йоьдуш хилар.
– Шо-шаре мел долу тIеттIа керла туристаш, спортсменаш, бизнесан, кхечу дакъойн векалш тIеийзабо вайн регионо. Алсамболуш бу церан барам. Царах хIоранна а уггаре а тоьлла бегIийлаш кхолла гIерта вай. Оцу балха тIехь болу кхиамаш бIаьрла бу, – чIагIдира Р.Кадыровс.
Ипподромехь дIахьош болчу белхашка хьаьжначул тIаьхьа цо билгалдаьккхира: «Ас говзанчашна тIедиллина 600 стагана охьахаа меттиг хир йолуш кхин а цхьа трибуна яр. Цул сов, ипподромехь баккхий белхаш беш бу говрийн ворхI божал дарехь. Царах цхьана божал чохь 50 говр хир ю, вукхарна чохь ткъе пхиппа говр дIахIоттор ю. Говраш Iалашъярна башха дика хьелаш ду кхузахь кхуллуш. Дуьненарчу тоьллачу стандарташна жоп луш хир ду уьш», – дерзийра Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шен къамел.
Иза шаьш долчу варо догойла ир-карахIоттийна кхин а лакхарчу жигараллица, жоьпаллица, шовкъаца къахьоьгуш бу тахана гIишлошъярхой.
Д.АНАДЕВ
№64, хьаьттан (август) беттан 19 де, 2020 шо