Зуда яло боьлхуш 4 машен бен хила ца еза

Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон Некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин урхалло, зуда яло боьлхуш 4 машен бен хила ца еза аьлла, юха а кхайкхам бина республикин бахархошка.

Ведомствон векалша билгалдаккхарехь, бахархошна и лехамаш шен чохь Ӏеран рожан мур республикехь дӀабаккха болийча дуьйна а дӀакхайкхийна а, дӀабовзийтина а бара.

«Зуда яло боьлхучаьрца 4 машен бен хила ца еза аьлла, тоххара дуьйна хилла барт а, сацам а бу COVID-19 пандеми йолчу хенахь дуьйна долуш ду иза. Бакъду, республикехь эпидемиологин хьал мелла а тоделла, цхьана хорша доьрзуш ду, делахь а, цкъачунна, керла хаам я сацам хиллалц, и лехамаш буьсуш бу. Некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин урхаллин белхахоша толлур ду бахархоша и лехамаш кхочушбаран гӀуллакх, нагахь уьш талхийна меттиг нислахь, гӀуда а тухур ду», – хаам бина пачхьалкхан автоинспекцин векалша.

Цул сов, зуда яло боьлхуш-богӀуш хуьлуш болчу некъан хьовзамийн барам а лахбелла хилар хоуьйту цара.

«Зуда яло-йига богӀурш некъан бохамашка «нисбалар» тӀаьхьарчу хенахь дан а дац аьлла, ца кхоьрруш дӀакхайкхо йиш ю вайн. Пандемин муьрехь бинчу лехамех бахьана а хилла дӀахӀоьттина хьал ду иза», – билгалдаьккхина ведомствон пресс-службо.

Зуда ялош болчара Некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин урхалле хаам бан безаш хилар а тӀетоьхна цара, царна (зуда яло боьлхучарна) хьалхаяьлла гӀур йолу машен а, экипаж а билгалъяккхархьама.

«Шаьш зуда ялош елахь, шайн кӀоштарчу Некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин урхалле хаам бан беза цара. Цул тӀаьхьа цаьрца дӀа а, схьа а гӀур йолу машен а, экипаж а билгалйоккхур ю пачхьалкхан автоинспекцис», – хаийтина ведомствехь.

И.ИСЛАМОВ
№64, хьаьттан (август) беттан 19 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: