Лаам кхочушбаре бина некъ

Хьехархо! И дош массарна а хьоме а, гергара а хета. Доккха дукъ ду хьехархочун белшаш тIехь дерг.

Цо къахьоьгу шайн ницкъ-гIора а ца кхоош. Дуьненан Iилма Iамийна ца Iаш, хIора а бераца кхетош-кхеторан болх а дIахьо цо.

Атта бац хьехархочун болх, ткъа юьхьанцарчу классашкарчу дешархошца беш берг-м муххале а. Цхьадолчу берана чIогIа хала хуьлу кхечу берех дIаэ я нийсархошца доттагIалла таса, шена хьоьхург дIалаца. Цундела берашца болх беш волу хьехархо тидаме а, эсала а, бераш дукхадезаш а, церан догъэца хууш а хила веза. Ишттачу хьехархойн цхьаъ хила лууш ю Ичаева Амина.

2015-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан Педагогикин а, психологин а, дефектологин а институте деша яхара иза. Лаамаза дацара цо и корматалла харжар.

Юьхьанцарчу классийн хьехархо хила лууш яра иза жимачохь дуьйна. Цуьнан дуьххьара хиллачу хьехархочо кхоьллинера Аминехь хьехархо хила лаам.

Даима а шен хьехархочух тера хила лууш яра иза. Цунна дукхадеза бераш, хаьа цаьрца муха болх бан беза, йовза гIерта церан амалш. Амина даима а лехамашкахь, керланиг довза лууш ю.

ТIехдика доьшуш хиларна, Нохчийн пачхьалкхан университетан хьалхарчу ректоран Умаров Мухарин цIарах лаккхара стипенди оьцура Аминас. Университетан дахарехь жигара дакъалоцуш яра иза.

2016-чу шарахь дIаяьхьначу «Хиндолчун хьехархо» дуьненаюкъарчу конкурсан «Студентийн проекташ» а, «Хиндолчунна юкъадиллар» а номинацешкахула III-чу даржан диплом даьккхира Аминас. Оцу толамо дог-ойла ир-карахIоттийра цуьнан.

2017-чу шарахь республикикин «Шеран студент» IV-чу конкурсан «Iилма довзарехь кхиамаш бахарна» номинацин лауреат хилира иза.

Оццу шарахь Волгоградехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу «Кхетош-кхиоран стратеги: гIиллакхаш а, инноваци а» студентийн XI-чу форумехь «Мастер класс» номинацехула I-чу даржан диплом а даьккхира.

Оццу шарахь Аминас дакъалецира «English speaking countries – 2017» (ингалсан мотт буьйцу пачхьалкхаш) мохкбовзаран викторинехь. Цигахь III-гIа меттиг яьккхира цо.

Иштта, Ерригроссин хьехархойн «Хиндолчун хьехархой» II-чу форумехь Амина юкъахь йолу команда «ТОП-5»-на юкъаяхара. Иза боккха толам бара.

2020-чу шарахь Волгоградехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу «Бераш кхетош-кхиор а, хIокху заманан кегийрхой а» студентийн XIV-чу форумехь «Iилманан доклад» номинацехула II-чу даржан дипломан лауреат хилира къона студентка.

2020-чу шарахь дIаяьхьначу студентийн хьалхарчу StudONE телевиденин хIорашеран «Выпускник года – 2020» совгIатан лауреат а ю Амина.

Студентийн шераш кхиамаш бохуш чекхдевлира Ичаева Аминин. Карарчу хенахь, ша дешначу институтехь лаборантан болх беш ю иза.

Амма, шен лаам кхочуш ца беш Iан дагахь яц хинйолу хьехархо. Iилманан лакхенашка кхийдаш йолу Амина юьхьанцарчу классийн хьехархочун балха яха лаам болуш ю.

ДУДАЕВА Лайлаъ
№64, хьаьттан (август) беттан 19 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: