Дала дог хьоьстийла шун!

IMG_5431

1-чу июнехь билгалдоккху бераш лардаран дуьненаюкъара де. Женеван Конвенци ю и де дуьххьара 65 шо хьалха юкъадаьккхинарг, ткъа цуьнан Iалашо ю дуьненан массо маьIIехь берийн терго  яр совдаккхийтар а, церан Iер-дахаран, могашаллин, дешаран хьокъехь долу законаш, заманан лехамашка хьаьжжина, карла а дохуш,  ларийтар. Вайна ма-хаъара, кест-кеста цхьайолчу пачхьалкхашкахь тIом боккху я Iаламан хиламашца доьзна бохамаш хуьлу (мохк-бегор, хиш тIедийлар, токхамаш хилар). Ишттачу бохамийн Iаткъам берийн дахарна тIехь а хаало. Баккхийчеран мекара, боьха политика бахьанехь  гIело, мацалла хIуттуш меттигаш а йогIу.

Церан бехкенна декъаза деха иттаннаш миллионаш бераш.  Кхузаманахь берийн бакъонаш, дахаран хьелаш тоьлла лоруш ду Европехь. Амма цхьайолчу меттигашкахь хIокху цхьана шина бIешарахь мацаллица гIело хуьлуш схьадогIу Африкера а, Азера а бераш. ТIаьхьарчу хенахь «Эбола»  ун а ду  эзарнаш адамаш хIаллакдеш.

Россин Федерацин куьйгалла ду вайн берийн Iер-дахаран (социальни) хьелаш тодаран новкъахь къахьоьгуш, амма дан дезарш Iаламат дукха  ду.

Муха ду Нохчийн Республикерчу берийн  хьал?  Оцу хаттарна  жоп  луш,  2013–2014-чуй шерашкахь шаьш бинчу  белхан  жамIаш довзийтира тхуна Нохчийн Республикин къинхьегаман а, социальни  кхиоран а министерствон «Доьзалан а, нанойн а, берийн  а хьашташ кхочушдаран отделан» хьаькама  Дубаева Альбикас. Цо дийцира: – «2008-чу шарахь дуьйна Ахмадов Мохьмад ву министр. Шен ницкъ ма-кхоччу болх тобан гIерташ, вайн республикин буоберийн, заьIап берийн  аьтто бан гIерташ  ву иза. Оха даима а кхочушъеш ю «Ирсе дехийла шу, бераш!» аьлла программа. Иза 1-чу июнна лерина хуьлуш  ю. Тхан министерствон  болх Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана даима а шен тергонехь латтош а бу».

2013-чу шарахь вайн республикехь 321328 доьзал бара, ткъа 2014-чу шарахь церан барам – 355469 стаге дIакхочу, 2013-чу шарахь буобераш 851 дара, 2014-чу шарахь – 720, да я нана доцу бераш 2013-чу шарахь –  14146, 2014-чу шарахь – 13971,  2013-чу шарахь 61504 заьIап бер дара республикехь, 2014-чу шарахь – 64201, таро ледара йолу доьзалш 2013-чу шарахь 49380, 2014-чу шарахь – 41622. Бераш дукха долу  доьзалш 2013-чу шарахь 70932 бара, 2014-чу шарахь – 74574, оцу доьзалшкахь 2013-чу шарахь 257121 бера дара,  2014-чу шарахь – 270188.

Иштта,  министерствона юкъайогIуш ю таханлерчу дийнахь 13 социальни учреждени:

– 5 туш ю доьзална а, берашна а социальни гIодаран (Грозненски, Курчалойн, Шелковски, Шуьйтан, Гуьмсан районашкахь);

–  реабилитаци яран 5 туш ю кхиазхошна лерина (Iели-Юьртахь, Шелковскехь, Шуьйтахь, Шелахь, Нажи-Юьртахь);

– пачхьалкхан бюджетан учреждени ю «Аргунский медико-социально-реабилитационни центр для детей с ограниченными возможностями»; им. И.С.Тарамова Соьлжа-ГIалахь, и.дI.кх.

2013–2014-чуй шерашкахь оцу туьшийн гIо  кхаьчна 17824 доьзална. Социальни гIо бедаршца, когаюхучуьнца, кхачанан сурсаташца,  иштта  медикаменташца, кхечуьнца дина.

Массо а тайпа 36635-зза гIо дина. Социальни-экономикин декъехула – 21210; медицинин гIо – 11781; психологин декъехула – 2899, бакъонаш ларъярехула – 745.

2014-чу шарахь берийн социальни  учрежденешкахь 4177 бер тIеэцна, реабилитаци ян, ткъа иштта рогIе  хIоттийна 1059 бер.

2014-чу шарахь доьзалшна а, берашна а социальни гIодаран туьшашкахь 1273 берана реабилитаци йина. Цул сов, берашна тIехь Iуналла даран болх бу

социальни-реабилитационни 5 туьшахь беш. И тайпа болх бар кхиазхошна юкъахь къаьсттина оьшуш а ду.

Ден-ненан терго йоцуш дуьсучу берашна а, лелар дика доцучу берашна а гIодарна  лерина  социальни а, медико-психологически  а реабилитаци  ю кхиазхошна а, берашна  а еш.

Иштта,  2014-чу шарахь реабилитационни туьшашкахь социальни реабилитаци а йина,  шайн доьзалшка юхаверзийна 274 кхиазхо. Шеларчу реабилитацин туьшахь доьзалан-кхиоран  кепехь реабилитаци йо.  Оцу низамехь  3 тобанехь Iамош 12 бер ду.

Масала, Аргунера медико-социальни-реабилитационни туш таронаш ледара йолчу берашна а,  могашалла  ледара йолчу  берашна а лерина ю.

Карарчу хенахь цигахь реабилитаци еш 90 бер ду. Царех да я нана йоцу бер – 2, заьIап бер  – 42, бераш алссам долчу доьзалшкара, таронаш  ледара йолчу доьзалшкара  46 бер ду.

Доьзалехь заьIап бераш долчарна лерина  ю берашна а, таронаш ледара йолчу кхиазхошна  а,  заьIап берашна а ребалитаци яран республикин туш. Оцу туьшахь реабилитаци еш чекхдаьлла 2139 бер, рогIехь лаьтташ 270 бер  ду.

Вайн заманахь мехала ду берашна а, дай-наношна а психологически гIодаран «телефон доверия» олу берашна доьзалехь нислучу   халонашкахь оьшуш долу психологически гIодаран кеп. Психологаш бу оцу берашна  гIо дан  билгалбаьхна Ерригроссехула а телефон  ю 88002000122. Маьхза телефон тоха  йиш ю Нохчийн Республикин  бахархойн а.

Берийн «телефон доверия»  зIенах шайна консультаци оьшучу бераша, кхиазхоша, церан дай-наноша пайдаоьцу.

2014-чу шарахь 1215-зза  гIо дехна телефонехула.  Царех  615 гIо бераша а, кхиазхоша а дехна.

Царех 118 хаттар ден-ненан а. берийн а юкъаметтигашца доьзна  хилла, 276 хаттар берана шен нийсархошца хуьлучу чолхечу  юкъаметтигийн  хьокъехь  ду, кхечу лазамийн  хьокъехь  821-зза телефон тоьхна.

Вайн республикехь дика ламаст хилла дIахIоьттина зударшна лерина даздарш дар. Нохчийн Республикин куьйгалхочун Указца 2007-чу шарахь дуьйна билгалдоккхуш ду Нохчийн зудчун де.

2014-чу шарахь 120 зудчунна хIоранна 30 эзар сом ахчанан совгIаташ дина.

Россин Федерацин Президентан 1998-чу шеран 30-чу январехь арадаьлла №120 йолу Указ кхочушдеш Ненан де билгалдоккхуш дукха бераш долу наной кхайкхина, бераш кхиорехь билгалбевллачу наношна совгIаташ дира. 2014-чу шарахь 160 зудчунна  хIоранна, 25 эзар сом уш,  совгIаташ дира.

Буоберашна социальни гIодаран  Iалашонца дешаран керла шо доладалале Нохчийн Республикин Правительствон 2007-чу шарахьлерчу  №16 йолчу сацамца нийса а  догIуш. «Берийн гIолацаран ерриге а республикин  субботни дIаяьхьаран  хьокъехь» болчу   Къинхьегаман а, социальни  кхиоран  а министерствос хIора шарахь  31-чу июлехь гIодаран акций йо, цигахь даьккхина ахча  буоберашна дIахьажадо.

2014-чу шарахь 16 04 буоберана (хIоранна) 10 эзар сом  делла (дерриге а – 16  миллион 40 эзар сом).

Кхин а алсам бу карарчу  шарахь берийн могашалла, Iер-дахар тодаран  декъехь Нохчийчохь бина белхаш. Цундела  де-дийне  толуш, ирсе зазадоккхуш ду  вайн берийн дахар.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА  

А.Мусаеван сурт

шот, 30 май, 2015 шо, № 59

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: