Керла репертуараш йийцаре йира

Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшахь культурин министерствон Экспертни кхеташонан цхьаьнакхетар хилира.

Цуьнан Iалашо яра I.Шахбулатовн цIарахчу пачхьалкхан филармонин а, Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан а, иштта, Культурин министерствона юкъайогIучу кхийолчу учрежденийн а артистийн-вокалистийн репертуараш йийцаре яр.

Экспертни кхеташонан комиссин декъашхойн кхиэле йиллира репертуаран белхан план. Цуьнан хьесап дира Нохчийн Республикин халкъан артиста Паскаев Рамзана, Россин Федерацин хьакъволчу артиста, композитора Даудов Рамзана, Нохчийн Республикин халкъан артисткас Айдамирова Айманис, Нохчийн Республикин халкъан артиста Мусхабов ИсмаьIала, Нохчийн Республикин культурин хьакъйолчу белхахочо Сергеева Маргаритас, Халкъан кхоллараллин туьшан методиста Мумаидов Мохьмада.

Кхеташонехь ладуьйгIира илланчийн 14 музыкин говзаре. ДIаолучу иллийн а, дIалокхучу эшарийн а тексташна тIехь шайна ледара хеташ долчух лаьцна элира говзанчаша.

Авторийн иллийн аранжировкина а, тексташна а, музыкина а плагиат ярх ларбалар дийхира цара.

ЛадоьгIна говзарш халкъана йовзийта хьакъ долуш лерира Экспертни кхеташонан комиссин декъашхоша.

З.ХИЗИРОВА
№64, хьаьттан (август) беттан 19 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: