Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вайн халкъ хIаллакьхиларх хьалхадаьккхира

Нохчийн Республикин Хаамийн а, зорбанан а министерствехь дIаяьхьира Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 69 шо кхачарна лерина йолу дагалацаран мероприяти.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Нохчийн Республикин Хаамийн а, зорбанан а министр Дудаев Ахьмад, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула волу хьехамча Ельсаев Iаламахьад, Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров ШахIрудди, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, Нохчийн Республикин муфтин наиб Хабзиев Iаьрби, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалш.

«Ан-Нур» цIе йолчу нашидаш лакхархойн тобано Кадыров Ахьмад-Хьаьжах лаьцна йолу нашид аларца дIайолийра мероприяти.

Гулбеллачара дийцира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Нохчийн халкъ цхьаьнатоьхна хиларх, Нохчийн Республикехь маьрша дахар а, къепе а дIахIотторехь лелийначу маьIнах, иза даима а нохчийн халкъан иэсехь вуьсург хиларх лаьцна.

Дудаев Ахьмада билгалдаьккхира шен халкъан дуьхьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжас динчу дикачу гIуллакхийн мах хадийна вериг цахилар.

Вайна ма-хаъара, кху шарахь 69 шо кхочу Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо, шен къоман бакъволу кIант Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьнен чу ваьлла. Цуьнан хьуьнарех, турпалаллех лаьцна дийцина вер а вац. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа куьйгалле вогIучу хенахь республикехь муха хьал дара вайна хууш ду. Вайн халкъ тIеман цIерга а кхоьссина, дIабаханчу цхьаболчу наха вайх лаьцна дуккха а доцурш дуьйцу, вайн республикехь адамийн бакъонаш талхош ю бохуш, иза бакъ доций вайна массарна а хууш ду. Цундела вай массара а, массо а нах болчу наха иза вицван а ца веза, дIаяхана хала хан дагахь латто а еза. ТIейогIучу тIаьхьенашна дIахаийта деза иза мила хилла. Цо дIаболийначу некъа тIера довла йиш яц вайн, – билгалдаьккхира Дудаев Ахьмада.

Иштта, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIаболийначу беркатечу новкъахь хьанал къахьегарна Хаамийн а, зорбанан а министра дипломашца совгIаташ дира цуьнца цхьаьна болх бина а, иза вевзаш а хиллачарна: Гапуров ШахIруддина, Тагиров Iелина, Ельсаев Iаламахьадана, Ибрагимов Кантина, Дадаев Сайд-Хьасанна, Ясаев Ширванина.

Цхьаьнакхетар дерзийра I.Хабзиевга доIа а дойтуш.

I.МУРТАЗОВ
№65, хьаьттан (август) беттан 22 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: