Говр – бакъволчу къонахчун бахам

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархочун нохчийн поэтан Муталибов Зайндин дешнаш тIехь даьккхина «Дин беллачу дошлочун илли» хазаза наггахь стаг хир вац вайн махкахь.

Немцойн фашисташа СССР-на ямартлонца тIелатар дина, деа шарахь буьрса кхихкинчу тIемашкахь шен са цIена гила мостагIчун къизачу тохаро божийча яздина ду поэта, башха илли.

Хьан сих са хьарчийна массо а заманна,
Нанас шен бер санна, ас хьоме кхиийра хьо.
Мацаллех ларбина, гIиллакхехь Iамийна,
Тешаме сайн ваша хьо лоруш вара со.
МостагIчо вайх леш дан, паргIато йохийна,
Маьршачу вайн махка сийна цIе кхарстийча,
ДегIан цIий я хьайн са бацара кхоийна,
Сийлахьчу толаме халкъо чкъург карчийча.
Шийлачу Iожалло хьо
Хеназа баьккхира сох.
Хьан къина догдоьхна со
Висира, бекхам беш хьох…

Луьрачу тIеман арахь, цхьаьна бIаьхаллин некъаш гездина уллера накъост дIаваьлча санна, лерина дешнаш лехьош яздина поэта шен илли. Иза ларамза дац. БIешерийн кIоргенера схьадогIуш ду нохчийн къоман оьзда гIиллакх.

Вайн дайша бакъволчу къонахчун бахам лийрина говр. Говр хIора къонахчун тешаме накъост а, деган доттагI а хилла. Иза цхьана дийнахь кхолладелла гIиллакх дац. Эзар шераш хьалха кхолладелла ду иза.

Iийса пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) дуьнен чу валале пхи эзар шо хьалха хилла Кавказехь говраш. И хьайба Iаламат доккха беркат лоруш хилла нохчаша. Бер санна, Iалашъеш хилла говр.

Доьзалехь кIант велахь, цунна цIе тоьхна бекъа хилла кхиош. Пхи шо кхачале говра хаа, иза хахка Iамош хилла кIантана. ВорхI шо кхаьчначул тIаьхьа, шен нийсархошца, юьртарчу кхидолчу берашца, буса говраш яжо вохуьйтуш хилла кIант. Доцца аьлча, бераллехь дуьйна говрах вулуьйтуш а, цуьнан доладан Iамош а хилла муьлхха а нохчийн кIант.

Цундела хууш хилла кIантана говр, иза бакъволчу къонахчун бахам хиларал сов, тешаме накъост вуй.

Цкъа мацах, дуккха а шераш хьалха, Кавказехь а хилла юькъачу хьаннашкахь, лекхачу лаьмнашкахь дуьйладелла лелаш кулан цIе йолу акха хьайбанаш. Хьеннан бIаьрса хьостур долуш Iаламат хаза куц-кеп долуш, хилла уьш.

Юьхьанца кавказхоша караIамийна и куланаш, тIаккха, заманан йохалла шайна дукхадезачу хьайбанийн керла хIу долийна. Иштта хилла ю таханлера говраш. Дерриге а дуьненахь тоьллачарна юкъахь цIе йоккхуш ю гIебартойн говраш. Ницкъ болуш, ядарна маса ю уьш.

Нохчаша долийна шайн говрийн хIу. Бакъду, муьлххачу хIух елахь а, хIора говран а шен, шатайпанчу башхаллица къаьсташ, амал ю. Iилманчаша дийцарехь, шен долахочун амал схьаоьцу говро. Цундела хила там бу нохчийн говраш синтем боцуш, карзахе, шен долахо воцчу берена резайоцуш.

Нохчаша шайн говрашна юьхьанца ленаш тухуш ца хилла, и хьайба лаза ца дан, цунна шед тохар къилахь лоруш хилла. Нуьйр чIогIа лерина хоржуш хилла, бере тIехь волуш, мел гена некъ барах, говран букъ бохор боцуш.

Нуьйран эчиган коьчалшна истанган коржам лоцуш хилла, говран букъана даI ца далийта. Говре тIех къахьегийтар, муххале а, дихкина хилла вайн дайша. Латта аха дезахь а, я кира дIасадахьа дезахь а, стерчий дIадужуш хилла.

ХIора юьртахь пхьераш хилла нуьйр, луьта, дуьрста, гIомат, архаш кечъеш. Баккъал а, говзачу пхьеро и берриге говран гIирс детица кхулуш хилла. Гена новкъа волучу беречо цхьацца баккхал чуйиллина таьлсаш хилла лелош. Уьш кIедачу кIадих тоьгуш хилла, морсачо говрана гIело ярх ларлуш.

Аьхка бацалахь йожуьйтуш хилла говр, йовхачу хенахь, дийнахь цкъа-шозза хи малош. Iай иза меца ца хилийта хьаьттахь лерина сула (овес) кхиош хилла. Вайн дайша иштта хаддаза семачу тергонехь лелош йолу говр цIена, хаза хуьлуш хилла.

ХьагI-гамонан бIаьрг ца лацийта жайна доккхуш хилла цунна. Нохчийн халкъалахь шуьйра даьржина кица хилла: «Говр йоцу къонах, ши тIам боцу олхазар ду», – олуш.

Бусалба динехь а, лаккхара мах хадийна хьайба ду говр. Говр йолчу керта шайтIа догIур дац олу Iеламнаха. Говран терсарх чIогIа кхоьру шайтIа олура вайн къаноша.

Цул сов, чIогIа дарбане лерина ю говр, цуьнан жижигах яьккхина хьоналла. Вай долчохь (Дала диканиг дойла) жинийн хьу хьакхаелларг а, букъасурт, настарш лозуш верг а, говрашца уьйр-марзо хилча, шен дарбанна тIекхаьчна меттигаш дукха ю дуьненахь. Иштта, дийцина ца валлал дукха бахьанаш ду вайн хьекъалечу дайша говр лерина лелоран.

Нохчийн халкъан барта кхоллараллехь, турпалаллин иллешкахь дукха хаза дуьйцу вайнехан къонахаша говр муха Iалашъеш хилла. Цунна къеггина тоьшалла ду «Аьккхин Жанхотан илли».

Ва сарахь суьйренца
Бузучу малхаца,
Цу ханнийн божлара
Шен жима расха дин
Цу датон дуьрстанца
Ша ара озийна,
Хьалха херх ва хьокхуш
ТIаьхьа чотка ва ялош,
Кхузза саба ва хьокхуш,
Динан кхес ва юьттуш,
Дин цIанбан велир, тов,
И Аьккхин ва Жанхот.
Са цIена шен гила
ЦIанбина ша ваьлча,
Чергазийн нуьйран гIирс
Кхаа бухкарца динан,
Букъ тIехьа къевлина,
Кечвала вахар, тов,
И Аьккхин Жанхот…

Ур-атталла, арахьара мостагI тIевеана буьрса кхехкачу тIамехь а, мостагIийн говраш а герз кхетарх ларъеш хилла вайн турпалчу дайша. И хууш болу оьрсийн салтий шайн говрашна тIехьа лечкъаш хилла, нохчийн мажаре шаьш ца лацийта.

Дела реза хуьлда цунна, цкъа мацах Iумар-паччахье хаьттина хилла боху: «Нуьцкъалчу амалехь кIентий кхетошкхион хIун дан деза?»

«Аганара дуьссушехь, шайн берашна нека дан а, Iад кхосса а, говр хахка а Iамаде, шайна царах къонахий хила лаахь», – жоп делла Iумар-паччахьа.

Дуьне цецдаккхал, синъондалла йолуш хилла къонахий, азаллехь дуьйна иштта кхиийна нохчаша. Тахана вай массара а царах дозалла до.

Делан къинхетамца, кхидIа йолчу заман чохь нохчийн тIекхуьу чкъор иштта кхион дагахь волчух тера ду Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. Цуьнан дIадолорца Соьлжа-ГIалин йистехь, Шинасуьйра юккъехь (Пригородни) еш ипподром ю.

Ипподромехь трибуна ю цкъачунна 1 600 стагана охьахаа меттиг йолуш. Вайн республикин Куьйгалхочо гIишлошъярхошна тIедиллина кхин а 600 меттиг хилийтар.

Говрашна лерина ворхI божал ду ипподромехь. Цхьана божли чохь 50 говр хир ю. Ткъе пхиппа говр чутарлур йолуш кхин ялх божал ду.

Иштта ипподром Нохчийчохь хилар вайна боккха юьхькIам бу. Вайн кхиазхойн аьтто хир бу, Дала мукъ лахь, говраш ган, цаьрца уьйр-марзо хила, луучун – говр хахка.

Нохчийн халкъан оьздачу гIиллакхийн гурашкахь кегийрхой кхетош-кхиоран бакъе йолу пхьалгIа хилла дIахIуттур ю ипподром.

Цул сов, еккъа цхьа говраш лаьтта туш йина юьтур йолуш яц и меттиг. Циггахь парк ян дагахь бу и мехала гIуллакх дIадолийнарш.

Ткъа паркехь алссам дитташ дугIур ду, садаIа, охьахаа луучунна гIанташ хир ду. Бер мохе-малхе даккха лууш болчу наношна гIудалкхашца буьйлабала бегIийлаш кхуллур ю.

Доцца аьлча, махкахошна садаIа, аьхначу хIаваах зовкх эцийта меттигаш хилийта гIайгIа беш ву-кх даима а санна Нохчийн Республикин Куьйгалхо. Дела реза хуьлда цунна!

Денна хазлуш, цIинлуш схьабогIучу нохчийн махкахь, кху дийне сатуьйсуш эхарте бирзинчу вайн дайн безамна хила езаш яра говрийн рема а. ЧIогIа дика ду тIекхача массарна аьтто болчохь ипподром а, цунна юххехь парк а еш.

Веза-Воккхачу Дала ма эшабойла вайна нохчийн халкъана, махкана зовкх лоьхуш, турпалчу дайн селхане карлайоккхуш каде хьийза яхь йолу кIентий!

Церан хьаналчу къинхьегаман беркато къагийна, серлаяьккхина Нохчийчоь. Вайн дайша безамца лелийна говраш а ма ду цхьа доккха беркат.

АРАПХАНОВА Аза
№66, хьаьттан (август) беттан 26 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: