Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 69 шо кхачарна лерина, Нохчийн Республикин тайп-тайпанчу кIошташкахь социальни маьIна долу цхьамогIа объекташ схьайиллира.

Курчалой гIалахь даздаран хьолехь схьайиллира Культурин а, искусствийн а туш. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Баудди, Курчалойн кIоштан куьйгалхо Ирасханов Асламбек, кхиберш.
Кадыров Рамзана баркалла элира туш еш къахьегначарна, иштта билгалдаьккхира, иза схьаеллар Нохчийн Республикин культура кхиорехь мехала хилам хилар.
– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима а олура: «Культура ца хилча къам хир дац». Цо чIогIа маьIне лорура и агIо кхиор, цо дерриге а дора Нохчийн Республикин культура кхиорехь. Ткъа вайн культура хьалдолуш ю, иза вайн бахам бу, – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Керлачу Культурин а, искусствийн а туьшахь 450 хьажархочунна охьахаа меттиг а, библиотека а, кружокашна лерина чоьнаш а, кинопроекцин чоь а, кхиерш а ю.

Даздарехь «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсан» мидалца Кадыров Рамзана совгIаташ дира Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министрана Кадыров Хьамзатна а, Нохчийн Республикин къинхьегаман а, белхан меттигаш нисъяран а, социальни кхиоран а министрана Баширов Iусманна а.
Иштта, совгIаташ гIишлошъярхошна а дира.
Оццу дийнахь Курчалой гIалахь схьайиллира кIоштан больницин керла дарбанан корпус.
Теркан кIоштарчу ЧIуьлга-Юьртахь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу керлачу микрорайонехь, схьайиллира 62 цIийнах лаьтташ йолу куп а, 140 берана меттигаш йолу берийн беш а.
Нажи-Юьртан кIоштарчу ТIуртIи-КIотарахь 200 хьажархочунна меттиг йолу Культурин цIа а, 60 меттиг йолу берийн беш а схьайиллира.
Устрада-ГIалахь схьайиллира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу, 720 дешархочунна меттиг йолу Дешаран туш а, пхи гIат долу кхо цIа а.

Веданахь, даздаран хьолехь, схьайиллира «Ахмат» цIе йолу спортан комплекс.
ТIехьа-МартантIехь схьадиллира 8 гIат йолу цIа а, тойина йолу юьртан коьрта майда а.
Шелахь, гIалин суьдан керла гIишло а, ПАО «Сбербанк» банкан филиал а схьайиллира.
Соьлжа-ГIалин №1 йолчу гимназехь 600 дешархочунна меттиг йолу дешаран корпус схьайиллира.
Шуьйтан кIоштахь а схьайиллира цхьамогIа керла объекташ: 80 меттиг йолу берийн беш а, 150 стагана цхьаьна ламаз дан меттиг йолу маьждиг а, дукхапетарийн цIа а, кхузаманан хазаллин салон а, кхачанан сурсатийн туька а, махлелоран туш а.
Итон-Кхаьллан кIоштарчу ЧIиннахахь схьадиллира 24,5 метр йохалла йолу керла тIай.
Къаьсттина хьахо догIу хIокху деношкахь Нохчийчохь масех маьждиг схьадиллина хилар.
Гуьмсан кIоштарчу Ойсхарахь схьадиллира Кадыров Сулиман цIарах долу рузбанан маьждиг. 15 эзар стаге жамIатехь ламаз далур долуш доккха ду и маьждиг.
Оццу кIоштарчу Джалкхехь схьайиллина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долчу, 600 стаге жамIатехь ламазаш далур долчу маьждигах а, 152 мутаIеламна меттиг йолчу хьуьжарх а лаьтташ йолу динан комплекс.
Хьалха-Мартан кIоштан ГIойтахь, Агаев Абун цIарахчу маьждиго а дIайиллира шен неIарш.
Иштта, дина даьлла Устрада-ГIалара, Шайх Кунта-Хьаьжин мурид хиллачу, вевзаш волчу Iеламстеган Шайх ИбрахIим-Хьаьжин цIарах долу, 300 меттиг йолу маьждиг.
Кадыров Сулиман цIарах долу, 200 меттиг йолу маьждиг схьадиллира Нажи-Юьртан кIоштарчу ТIуртIи-КIотарахь.
Шуьйтан кIоштарчу Ваьрде юьртахь схьадиллина 150 стагана меттиг йолу, ерриге бегIийлаш йолу, рузбанан маьждиг.
I.ТЕРЛОЕВ
№66, хьаьттан (август) беттан 26 де, 2020 шо