«БерипримерсКРА» флешмоб-конкурс дIаяьхьира

Гуьмсан кIоштарчу Джалкха юьртахь дIаяьхьира Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 69 шо кхачарна лерина спортан мероприятеш.

Меттигерчу спортан комплексехь хилира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула а, боксехула а йолу республикин турнираш, ткъа уллерчу майданахь – футболехула долу кIоштан къийсадаларш.

Къийсадаларш дIадолош, Россин гвардин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин хьаькама Делимханов Шарипа хаийтира шена хIора а спортсменан кхиам хуьлийла лууш хилар.

Иштта, цо билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьанехь, регионехь спортан объекташ еш хилар, спорт кхиорехь беш жигара болх хилар.

Вайн хIора гIалахь а, хIора юьртахь а спортана оьшу ерриге инфраструктура йолуш ю. Регионехь дуккха а ю спортан федерацеш а, клубаш а. Вайн спортсменаша а лакхара кхиамаш боху дуьненаюкъарчу а, дуьненан а спортан майданашкахь. Тахана Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана даима шен тергонехь латтадо спортан дакъа кхиор, ткъа Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан президента Кадырова Айманис спорсменашна, лаккхара кхиамаш баха йиш йолуш, кхачо йо спортехь оьшучу берриге гIирсашца. Вай теша, шух хIора а спортсмен шен Iалашоне кхочург хиларх, оцу тIехь шун аьтто хуьлийла а лаьа суна, – билгалдаьккхира Ш.Делимхановс.

Къийсадаларийн толамхошна совгIаташ дира кубкашца а, мидалшца а, Сийлаллин грамоташца а.

Иштта, оццу дийнахь, «БерипримерсКРА» цIе йолу флешмоб-конкурс дIаяьхьира.

Тренажера тIехь куьйгашца лаьттара айваларехула йолу флешмоб-конкурс дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь.

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос.

Хенан кхаа категорехь дIаяьхьира конкурс: 14–18 а, 19–25, 26–35 а шераш.

Кегийрхоша массара а гайтира шайн хьуьнар а, говзалла а, доьналла а, Iалашоне кхача лаам а болуш хилар.

14–18 шераш долчарна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира Шовхалов Адис, 2-гIа меттиг – Яндаров Илеса, 3-гIа меттиг – Басханов Адама.

19–25 шераш долчарна юкъахь хьалхара меттиг – Абкуев Юсупа, 2-гIа меттиг – Кантаев ИбрахIима, 3-гIа меттиг – Дубаев Халида.

26–35 шераш долчарна юкъахь хьалхара меттиг – Муртазалиев Лоьмас, 2-гIа меттиг – Буруев Iусмана, 3-гIа меттиг – Шарипов Сайд-Эмис.

СовгIаташ дIаделира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Iийсас.

Цо толамхой а, совгIатхой а декъалбира, царна дипломаш а, иэсан совгIаташ а делира, кегийрхой жигарчу а, могашчу а дахаре а кхайкхира.

Оцу дийнахь а, цул тIаьхьа а цхьамогIа хиламаш хилира Нохчийчохь а, цул арахьа а Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 69 шо кхачарца доьзна.

Оцу бакъдолчо гайтира иза нохчийн халкъан иэсехь даима а ваха висина хилар.

I.МУРТАЗОВ
№66, хьаьттан (август) беттан 26 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: