Школа-интернатерчу берийн ирсе яххьаш

IMG_1337

ХIора шарахь 1-чу июнехь массо мехкашкахь билгалдоккху Бераш лардаран дуьненаюкъара де. Башха даздо иза Нохчийчохь а. Вайн республикехь кIезиг дац къаьсттина терго ян езаш долу бераш. Уьш леррина йолчу интернат-школашкахь,  реабилитацин  туьшашкахь доьшуш а, Iаш а ду.   

Цу тайпана бераш Iамош, царна оьшучуьнга хьовсуш болх бо Хьалха-МартантIерчу юкъарчу дешаран №1 йолчу республикански школа-интернатан белхахоша. Школин директор ву Джантамиров Iабдул-Халид. Интернатехь доьшуш долу бераш да я нана, я  ший а доцуш  ду, дукха бераш долчу а, дахаран хьелаш хала долчу а доьзалашкара а ду. Де-буьйса доккхуш кхузахь Iаш ду уьш. Дерриге а 3II бер ду интернатехь. Болх беш дуккха а кружокаш ю: «Говза куьйгаш», «Бустам а, тегар а», «ИЗО-аппликаци», «Оригами», «Юцаран кружок», иштта кхиерш.
Дика ду кхузахь спортаца долу гергарло а: футболах, стоьла тIерчу теннисах, шахматех ловзу бераш, иштта  охьатохархлатаран кепашна а Iамадо. Къаьсттина терго йо футболана. ХIора шарахь Ростове боьлхий, ЮФО-н чемпионатехь юьхьанцарчу а, лакхарчу а классийн тобанаша хьалхара меттигаш йоху. 2010-чу шарахь Ростовехь хьалхара меттиг яьккхина, Сочи финале кхаьчна, цигахь 26 командина юкъахь 3-гIа меттиг яьккхина, цIабаьхкира хIорш. Спортехь даьхна. Дуккха а совгIаташ ду интернатерчу берийн И кхиамаш шайн спортзал  йоццушехь бохуш бу цара. ХIокху шарахь стоьла тIерчу теннисан республикански конкурсехь 1-ра а, 2-гIа а меттигаш яьхна интернатан дешархоша. Спортан секционни кружокашкахь хьоьхуш Нохчийн Республикин боксехула волу чемпион Юсупов Адам а, Ахмадов Тамерлан а ву. Уьш хилар бахьана долуш берийн толамаш алсам хуьлу.

Джантамиров Iабдул-Халида дуьйцу шаьш болх муха болийна:
«2006-чу шеран январь баттахь веара со кхуза. Цу хенахь болх бан мегаш чоьнаш яцара тхан. Хьалха-Мартан гIалин  администрацин белхахошца барт хилар бахьанехь, юьртахочо Агаев Вахас (РФ-н Пачхьалкхан Думин депутат ву иза)  гIо а деш, цхьана шарахь меттахIоттийра интернат. 2008-чу шарахь дуьйна болх беш схьадогIуш  ду тхо».
Бераш – уггаре мерза а, экаме а «стом» бу. Цундела, чIогIа лерина ду цаьрца мел доьзнарг. Церан делар, бIаьргашкара серло ца яйъа хIуъа а дийр дара вайх хIораммо а. Вайн республикехь дуккха а меттигаш ю берийн самукъадаккха кхоьллина. Дуккха а учрежденеш, проекташ, конкурсаш ю берийн хьуьнарш, похIма гучудаккха, кхио лерина. ТIекхуьучу тIаьхьенна шайн кхане,  дахарехь некъ карабайта Iалашо ю церан.
Директоран кхетош-кхиоран декъехула йолчу заместитела Джантамирова Луизас дуьйцу шайн берех лаьцна: «Кхузарчу берашна хIоранна а шатайпа терго еза. Уьш  тайп-тайпана делахь а, вовшех кхеташ, вовшашна накъосталла деш ду.  Уьш гIиллакхе а, оьзда а ду. Уьш иштта хилийта гIерташ цаьрца дийнахь а, буса а болх беш дуккха а хьехархой бу. Тайп-тайпана мероприятеш еш, гIиллакх-оьздангаллин урокаш еш, экскурсе, музейшка буьгуш, къахьоьгу цара. ХIора берах къа а хета, царех дог а лозу тхан, церан дог хьасталур долчу агIор хила а гIерта тхо».
Вайна хийла а масал гина республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана берашца лелочу гIиллакхашкахь, юкъаметтигашкахь. Берашна го шайца иштта цIенчу даггара хилча. Вайх хIорамма а кIеззиг терго йича, жимма церан дог хьаьстича, бераша шайн делакъажарца дуьхьал  бекхам бийр бара. ТIаккха дог хьастий вай берийн?!
АВХАДОВА Хьава

шот, 30 май, 2015 шо, № 59

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: