Хи дIадоьдийла тоеш ю

Соьлжа-ГIаларчу Назарбаевн а, Индустриальни а урамашкахь дIахьош ду лаьтта бухалара коммуникацеш карлаяхаран, тояран белхаш. «Водоканал» МУП-н иттаннаш белхалой а, говзанчаш а бу цигахь къахьоьгуш.

Цара тойо догIа деанчул тIаьхьа хи дIадаха дезаш йолу канализацеш. Цига йохкуш йолу керла биргIанаш полиэтиленан ю. 5 000 метр йохаллехь дIабахьа безаш бу уьш яхкаран белхаш.

Дагадоуьйту урамашна реконструкци яран белхаш «Кхерамза а, дика а автомобилийн некъаш» къоман проектан гурашкахь дIахьош хилар. Цуьнца нийса а догIуш некъ, ялх аса а йолуш, шорбийр бу.

Иштта, цуьнца цхьаьна дIахьур ду урамаш хаздар, куьце далор, гIашлойн некъ бар, керла стогарш хIиттор.

Белхалоша дийцарехь, тобинчул тIаьхьа, ца довззал хийцалур ду Назарбаевн а, Индустриальни а урамаш.

Хь.САИДОВ
№66, хьаьттан (август) беттан 26 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: