Нохчийчоьнан пачхьенехь болх бан йолаелла корматаллина Iаморан туш. Иза вовшахтоьхна «Роснефть» мехкадаьттан компанис ахчанца гIо а деш.

И туш М.Д.Миллионщиковн цIарахчу Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетехь хир ю.
Социальни проект кхочушйина «НК «Роснефть» ПАОний, Нохчийн Республикиний юкъахь бинчу бартаца нийса а догIуш.
«Роснефть» мехкадаьттан компанин векалша дийцарехь туьшана кхачойийр ю кхузаманан уггаре а тоьллачу, лаккхарчу технологин гIирсашца.
Цо республикерчу бахархошна таро лур ю мехкадаьттан-газан декъехь оьшуш йолу говзаллаш караерзо, ткъа иштта «Роснефтан» предприятешна оьшуш болу говзанчаш кхио, царна керла корматаллаш Iамо.
– Туьшахь кхузаманан лехамашна жоп луш йолу классаш кечйина белхалойн корматаллаш караерзон. Иштта, цигахь компьютеран класс а, инструктажан кабинет а, практикин тренингин 6 куп а ю. Оцу каппашкахь промышленни гIирсаш бу, болх беш а болуш. Цо технологин процессаш муха хуьлу гойту. Туьшахь иштта техникин библиотека а, – бохура «Роснефтан» векалша.
№66, хьаьттан (август) беттан 26 де, 2020 шо