ХIара эра тIекхачале хьалхарчу IV-чу – бIешарера хIокху эран IV-гIа бIешо тIекхаччалц болчу бехачу муьран археологин хIолламаш Нохчийчоьнан аренашца а, лаьмнийн кIажошца а йолчу меттигашкахь теллича гучудолу Къилбаседа Кавказехь дехаш долчу ширачу халкъийн киммерхойн а, скифийн а ардангаш тIелетар лайначул тIаьхьа сарматийн тIелетар а лан дезна хилар.

Сарматаш кхерсташ, цхьана меттера кхечанхьа дIакхелхаш лелаш долчу халкъех цхьаъ хилла. Уьш баьхна Идал (Волга) хин коьртехь а, Урал хийистошца.
Шайн юкъара цIе «сарматаш» хиллехь а, цу юкъахь кхин халкъаш а хилла, масала, савроматаш, сиракаш, аорсаш, кхиберш.
Уьш Къилбаседа Кавказерчу халкъашна тIелатарна кхерам кхоллабелира Iаьржачу хIордан къилбаседа декъехь скифийн дуьхьало а хьаьшна, Кавказ йолчу агIор схьабуьйлабелча.
Оцу хьолах кхиъна долу вайн кхузарчу халкъаша сихонца дIадоладо дуьхьало ярна кечамаш бар. Шайн ярташна гуонаха саьнгарш, кIорга оьрнаш, хершнаш доху.
Сарматийн ардангийн дуьххьарлера тохар шайна тIелоцу вайн эра тIекхачале хьалхарчу IV–III-чуй бIешерашкахь ГIобанан (Кубань хи) йистошца дехаш хиллачу синдо-меотийн тукхамаша. Цу тайппана, нохчашна сарматаш тIелатаран дуьххьарлера, уггаре а чIогIа йолу тулгIе цара мелла а лагIйира.
Делахь а, нохчаша луьра тIемаш бо кхайкхаза баьхкинчу «хьешашна» дуьхьал. Цу хьокъехь тоьшалла до археологин хIолламаша.
Цара чIагIдеш ма-хиллара, вайн эра тIекхачале хьалхарчу IV-чу бIешеран чаккхенехь, III-чу бIешеран юьххьехь сарматаш Терк а, Соьлжа а, Орга а долчу кхочу.
Цунна тоьшалла до Макнехь, Оьрза-ГIалахь, ГIуларахь, Доьлакехь, Аьхкинчу-Борзехь, Ачалкхехь, Соьлжа-ГIалин йистошца карийначу археологин хIуманаша.
Къилбаседа Кавказан дуккха а мехкашкахь баха охьахевшинчу сарматаша меттигерчу халкъашца йолу шайн тIеман юкъаметтигаш хуьйцу, цаьрца машар, маслаIат даран некъаш лоьхуш.
Кхерсташ, дIасакхелхаш лелар дуьту сарматаша кхуза кхаьчча. Вайн эран хьалхарчу (IV) бIешерашкахь, жим-жима уьйш нохчийн а, гIалгIайн а, хIирийн а, эдигийн а, Дагестанан а, кхечу а халкъех дIаоь сарматаш, шен хенахь скифаш санна. Цара шайн мотт а, гIиллакхаш а, Iадаташ а дицдо. Сарматаш халкъ долчуьра дIадолу.
Амма, цIеяххана волчу вайн (нохчийн) Кавказ таллархочо Я.С.Вагаповс билгалдоккхуш хилла ма-хиллара, Къилбаседа Кавказерчу халкъийн истори а, культура а Iаморехь Iаламат чIогIа мехала ду «скифаш», «сарматаш» терминийн маьIна дастар, чулацам бовзар, хIунда аьлча, церан цIарах цIе хуттуш цIе йоккху Кавказан лаьмнийн кIажошца а, аренашца а даьхначу халкъийн.
Иштта, желтойн (гречески) географа Страбона шен «Географи» (вайн эра тIекхачале хьалха хилла I-ра бIешо – вайн эран I-ра бIешо) книги тIехь дуьйцу Диоскурнада гIалица махлелоран зIенаш хиллачу, Iаьржачу хIордан Кавказан бердайистошца дехаш хиллачу халкъех лаьцна.
«Оцу гIалахь вовшахкхета 70 халкъан векалш. Цара массара а шайн-шайн мотт буьйцу, хIунда аьлча, уьш вовшах къаьстина Iаш бу. Вовшашца уьйраш яц церан, шайн дегаллина а, акхараллина а. Царах дукхахберш сарматаш бу, амма цара массара а шаьш «кавказхой» ду олу».
Гуш ма-хиллара, Страбона оцу книги тIехь Кавказерчу халкъийн декъах сарматаш олу.
Страбона кхечу меттехь кхин а шуьйра гайтина Кавказерчу ламанхойн а, шайх скифаш, сарматаш аьллачу Кавказан кIажерчу аренашкарчу халкъийн а вовшашца йолу юкъаметтигаш.
«Иберийн аренашца бехаш бу латталелор а, машар а безаш болу бахархой. Эрмалоша а, мидийхоша а лелочу хотIехь бедарш лелайо цара. Лаьмнашца йолу меттигаш дIалаьцна дагахь хIума доцчу наха а, бIаьхоша а. Шайн лулахь а, гергара а болчу скифийн а, сарматийн а гIиллакхашца бехаш бу уьш, цуьнца цхьаьна латта а леладо цара. Кхераме хьал хIоьттича, цара иттаннаш эзарнаш бIаьхой дIахIиттабо, шайна юкъара санна, скифашна а, сарматашна а юкъара».
Книгин оцу кийсакехь вайна го иберийн, аьлча а, гуьржийн къилбаседехьара лулахой Кавказера ламанхой хилар.
Антични ширачу заманахьлерчу Iилманчас уьш скифийн а, сарматийн а тIеман бартхой (союзники) санна бовзийтина ца Iаш, церан гIиллакхашца бехаш болу нах санна а гайтина, аьлча а, гергара нах санна гайтина.
ТIаккха кхеташ ду, Страбона бовзийтина хиламаш хиллачул тIаьхьа, 400 сов шо даьлча, скифаш ца хьехийча а, сарматаш (автохонех) меттигерчу халкъех берриге а, кхоччуш а дIаийна хилар.
Вайн эран V-гIа бIешо тIекхочуш сарматаш дуьнен чуьра дIабевлира, аьлча а халкъ долчуьра дIаделира.
Царах кхечу халкъийн векалш хилира, церан мотт а буьйцуш, церан гIиллакхаш а лелош, церан амале а бирзина.
Кавказерчу ширачу халкъаша «дIадиира» шаьш долчу тIамца даьхкина хилла и нуьцкъала халкъаш.
Церан тIаьхьенаш тахана а вайна юкъахь ехаш хилар тарло.
БАГАЕВ МУСА, историн Iилманийн доктор
№66, хьаьттан (август) беттан 26 де, 2020 шо