Берийн онкологин а, гематологин а туш схьайиллина

Республикин Е.Глинкин цIарахчу берийн клиникин больницехь схьайиллина Берийн онкологин а, гематологин а туш. Иза схьаеллар лерина дара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 69 шо кхачарна.

Даздаран хьолехь Берийн онкологин а, гематологин а туш схьайоьллучохь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан, Н.Блохинан цIарахчу Iилманан медицинин талламан туьшан директор Стилиди Иван, Россин Iилманийн академин педиатрин а, берийн могашаллаIалашъяран а Iилманан талламан институтан коьртачу клиникин больницин куьйгалхо Намазова-Баранова Лейла, Москван могашаллаIалашъяран департаментан берийн коьрта хирург Разумовский Александр, иштта, больницин тайп-тайпанчу отделенийн куьйгалхой а, лоьраш а.

Э.Сулейманов а, Е.Глинкин цIарахчу Берийн клиникин Республикин больницин коьрта лор Межидов Казбек а, Москвара баьхкинчу хьешашца цхьаьна, керла схьайиллинчу туьшан палаташка а, операцин блокашка а, процедурин кабинеташка а, садаIаран майдане а, 150 стагана леринчу маьждиге а хьожуш чекхвелира.

Берийн онкологин а, гематологин а туьшан 50 маьнга бу. Чохь дика хьелаш ду, туьшахь еххачу хенахь Iан дезачарна а бина аьттонаш бу. Клиникехь дуьненаюкъарчу лехамашна жоп луш медицинин гIирсаш а бу, чолхе операцеш ян кечйина боксаш а ю, – билгалдаьккхира Э.Сулеймановс.

Нохчийн Республикера а, кхечу регионашкара а онкологин цамгарца долчу берийн медицинин хьашташ кхочушдан кийча ю берийн онкологин а, гематологин а туш.

Цул сов, туш схьайоьллучу дийнахь Йиллинчу неIарийн де дара.

Москвара тоьллачу говзанчаша консультацеш еш, оьшуш долу медицинин гIо деш тIеийцира кегий дархой.

Министра билгалдаьккхира: «Нохчийн Республикин берийн онкологин службин болх кхиоран гурашкахь Н.Блохинан цIарахчу Iилманан медицинин талламан туьшан говзанчийн а, нохчийн лоьрийн а барт хилла балха тIехь зеделларг вовшашна довзуьйтуш, пайдехь программа кхочушъеш, белхан уьйраш чIагIъеш, къахьега».

Билгалдаккха деза, Е.Глинкин цIарахчу Берийн клиникин Республикин больницехь бина гIишлошъяран а, ремонтийн а, больницина оьшуш болу медицинин гIирсашца кхачояран а белхаш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Регионан юкъараллин фондан гIоьнца бина хилар.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№66, хьаьттан (август) беттан 26 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: