Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь хIокху тIаьхьарчу 2–3 шарахь къаьсттина тидам тIебахийтарца кхочушъеш ю «Ларбе мотт» проект.

Хьаьттан (август) беттан 20-чу дийнахь министерствехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 69 шо кхачарца доьзна нохчийн маттахь тотальни диктант язйира.
Диктантехь дакъалацарца нохчийн меттан шайн хаарш зийра 300 сов йоIа а, кIанта а. Республикин ерриге а кIошташкахь язйира диктант.
И гIуллакх, вовшахтоьхна, дIадаьхьнарг яра кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерство, кегийрхойн «Ахмат» юкъараллин-патриоталлин боламца цхьаьна.
Диктантан жамIашца министерствос Соьлжа-ГIалин мэрин Дешаран департаментаца цхьаьна дешаран программа хIоттийна.
Цунна юкъахь нохчийн мотт Iаморехь пайдехь хир йолу семинараш, мастер-классаш, тренингаш ю.
З.ЯХЪЯЕВА
№66, хьаьттан (август) беттан 26 де, 2020 шо