Пхьерийн а, говзанчийн а гайтам хилира М.Эсамбаевн бульварехь

Нохчийн Республикин туризман министерствос а, регионан а, говзанчийн Ассоциацис а Нохчийн Республикин чоьхьара туризм кхиоран Iалашонца а, халкъан къоман-культурин тIаьхьало Iалашъяран а нийятца Соьлжа-ГIалин юккъехь, гIалин бахархошна а, хьешашна а дукхаезаеллачу М.Эсамбаевн цIарахчу бульварехь пхьерийн а, говзанчийн а экспонатийн а, белхийн а гайтам хилира.

Хууш ма-хиллара, тIеман хенахь вайн республикера говза пхьераш кхечу мехкашка а, гIаланашка а дIабахара.

Дукхахйолу пхьалгIаш йохийна дIа а яьхнера. ХIинца вайн республикехь пхьерийн а, говзанчийн а шайн Ассоциаци ю.

Цара сих-сиха гайтамаш дIахьо, ткъа иштта, спортан а, гастролийн а, туризман а дакъошкахула дIахьочу мероприятехь дакъа а лоцу.

ХIора халкъан дозалла ду къоман экспонаташ ян хууш пхьераш хилар.

Республикин туристашна а дукхаезало нохчийн пхьераша кечъеш йолу говзарш.

Вайнах даима а хилла дечигах, аьчках, кхерах пхьола дан хууш.

З.ХИЗИРОВА
№66, хьаьттан (август) беттан 26 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: