«ГIиллакхийн суьйре»

ТIехьа-Мартан кIоштан культурин цIийнехь «ГIиллакхийн суьйре» цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин культурин министерствос Халкъан кхоллараллин туьшаца а, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Культурин Кхеташоно а.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара ТIехьа-Мартан кIоштан администрацин куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волу Ахмедов Iусман а, ТIехьа-Мартан кIоштан куьйгалхо Шамсаев Артур а, ткъа иштта, кIоштан бахархой, культурин цIийнан белхахой, кегийрхой.

Маршаллин дош олуш, хьешашка вистхилира ТIехьа-Мартан кIоштан Культурин урхаллин хьаькам Хакимов Ваха.

Гулбеллачаьрга вистхилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Культурин Кхеташонан декъашхо Казаев Султан.

Нохчийн къоман гIиллакхах, оьздангаллах дара хьешо дина къамел.

Цул сов, цхьаьнакхетарехь дийцира кегийрхой экстремизман а, наркоманин а тIеIаткъамах ларбархьама дан дезачух лаьцна. Нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ довзарехь, уьш тIекхуьучу тIахьенна марздарехь хаддаза болх беш ю Культурин Кхеташо.

Кхеташ дара цхьаьнакхетаре гулбеллачийн хьешашка дан дуккха а хаттарш хилла хилар.

Цхьаьнакхетар дIадаьхьира короновирусан уьнах ларбаларан низаман лехамаш ларбеш.

З.ЦЕНТОРОЕВА
№66, хьаьттан (август) беттан 26 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: