Футболах ловзарехь Россехь хьалхеяккхаран Премьерлигин чемпионатан рогIерчу, йоьалгIачу турехь Нохчийчуьрчу «Ахмат» командин футболисташ Москван областерчу «Химки» командин футболисташца левзира.
Юьххьехь билгалдаккха деза «Химки» хIокху шарахь Премьер-лиге хьалаяьлла хилар а, футболах ловзарехь Россин Кубок яккхаран 2019–2020-чуй шерийн къийсадаларшкахь финале кхаьчна хилла хилар а.
Оцу бакъдолчо гойту «Химки» ледарчу командех цахилар. Иза оцу командин футболисташа хIокху цхьаьнакхетарехь ган а гайтира.
Хьалхарчу таймехь къаьсттина шаьш хIусамдай дуй хаийта гIерташ ловзура Москван областера футболисташ. Кест-кеста ира тIелетарш дора цара.
Царах цхьаъ 21-чу минотехь гол тохарца дерзийра Данилкин Егора – 1:0. Шаьш эша дагахь даьхкина цахилар гойтура наггахь «соьлжагIалахоша» а. Бакъду, хьалхарчу таймехь кхиаме кхача аьтто-м ца белира церан.
Делахь а, шолгIачу таймехь уьш шайн Iалашоне кхечира. ХIумма а атта а ца нисделира цуьнга кхачар.
ШолгIачу таймехь (65-гIа минот) суьдахочо «Химкина» бакъо елира 11 метран билгалонера гIуданан тохар дан, вайн футболиста шайн гIуданан майданахь ловзаран бакъонаш талхорна.
Амма и тохар динчу Полярус Артеман вайн кевна чу буьрка тоха аьтто ца белира. Цо хIусамдайн дог-ойла йохийна хиллехь а, хьешийн дог-ойла гIаттийра. Уьш хIинца дикка жигара ловза бевлира.
Цхьаьнакхетаран 72-чу минотехь, пенальти тохарца, жамI дIанисдира «Ахматан» Ильин Владимира. Цул тIаьхьа цхьа минот яьлча, толаман гол тоха аьтто белира вайн Тимофеев Артеман – 1:2.
Оцо гуттар галдаьккхира «Химкин» ловзар. Уьш кIадбеллера, ца ларабора вайн футболисташца. ТIаккха кIоршаме ловзарна тIебевлира.
И бахьанехь суьдахочо церан ши футболист майданара дIаваьккхира. Ткъа «Ахмат» Москвара толамца цIайирзира.
Хь.САЙДАЕВ
№66, хьаьттан (август) беттан 26 де, 2020 шо