МIаьжигаш лелор тIехь ду, къаьсттина адамаш дукха гуллуш йолчу меттигашкахь, махлелоран меттигашкахь, юкъараллин транспорта чохь.

Коронавирусан ун дIасадаржарна дуьхьал гIуллакхаш даран Кадечу штабан кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Цигахь ладуьйгIира оцу гIуллакхна жоьпалле болчеран докладашка. Коьрта тидам тIебахийтира дешаран керлачу шарна кечам барна. Роспотребнадзоран Нохчийчохь йолчу урхаллин куьйгалхочо Термулаева Ритас дийцарехь, школашкахь а, школал хьалхарчу учрежденешкахь а болх бина уьш санитарни керлачу бакъонашна кечъярехь.
«Дешаран учрежденийн берриге а директоршка дIахаийтина берашна санитарни кхерамазаллица кхачоярехь муха, хIун дан деза. Кеч а йина, школашна а, берийн бошмашна а дIасаелла пандемин хьелашкахь цIена леларан бакъонаш ларъярехь дан дезарг довзуьйтуш йолу хаза кечйина буклеташ. Оха тидам тIебахийтина хьехархойн а, дай-нанойн комитетан а юххера зIенаш хила езаш хиларна. Нагахь санна доьзална коронавирус кхетта хьал хилахь, бер дистанционни Iаморна тIедаккха деза, цамгар кхидIа дIасацаяржийтархьама. Иштта оха дехна школашкахь бераш мелла а кIезиг дIасалелийтар а, цаьрга социальни дистанци ларъяйтар а», – бохура цо.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республике вакцина кхаччалц вайн бахархоша кхерамазаллин бакъонаш ларъян езаш хилар, мIаьжигаш лелор массарна а тIехь хилар, къаьсттина адамаш алссам гуллучу меттигашкахь, махлелоран меттигашкахь, ткъа иштта, маршрутийн такси чохь а, автобусаш чохь а.
«Вайна иштта хаьа школашкарчу кхачабааран чоьнашкахь дукха бераш гуллуш хилар. Иза хилийта мегар дац. Школашкахь делкъе яйта еза, кIеззиг бен дешархой цхьана хена чохь цу чу а ца буьтуш», – билгалдаьккхира регионан Куьйгалхочо.
Нохчийчоьнан дешаран а, Iилманан а министра Байсултанов Идриса хаийтира Роспотребнадзоран тIедахкарш, магораш, дIаса ца таьIIаш, кхочушдеш хилар.
«Школашна эцна хIоранна а ша-шен ларварна оьшуш болу гIирсаш. Ерриге а урокаш, предметийн йоцурш, цхьана кабинета чохь дIахьур ю. Физкультурин урокаш – цIеначу хIуонехь», – элира И.Байсултановс.
Республикехь долчу эпидемиологин хьолах лаьцна дийцира могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана.
Цо дийцарехь коронавирусан цамгар ерш медицинин учрежденешка кхачар кхузза-доьазза лахделла.
«Таханлерчу дийнахь стационарехь дарбанаш лелош 500 сов стаг ву. Уггаре а йоккха йолчу Республикин клиникин больницехь дарбалелош 53 ковид-цомгашниг ву. Хьалха и терахь 700 стаге дIакхочуш дара. Оцу цамгарна дарба дечу учрежденешкахь импортан нуьцкъала кислородан станцеш, кхузаманан керла томографаш ю. Цомгашчарна юьззина кхачоеш ю оьшуш долчу молха-маханца», – чIагIдира министра.
Нагахь санна короновирус юха а яржа йолаелла хьал хилахь а аьлла, товбецан (сентябрь) беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна тIаьхьалонна долчу маьнганийн барам 1 000 дIакхачор бу, оьшуш хьал хилахь, аьтто бу 3 эзар маьнга и цамгар йолчарна дIахIотто а. Иза билгалдаьккхира Э.Сулеймановс.
Д.АНАДЕВ
№67, хьаьттан (август) беттан 29 де, 2020 шо