Бусалба (рузманан) шеран хьалхара бутт бу Мухьаррам (Зуль-Хьиджа шеран тIаьххьара бутт бу).

Делахь-хIета, Мухьаррам баттаца дIадолало бусалбанийн керла шо. ХӀокху шарахь, хьаьттан (август) беттан 20-чу денца нисделира иза.
Хьаххийначуьра аьлча, бусалбанийн шераш, беттанаш дагардар, цаьрца хьесапаш дар дIадолийна Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Маккара Мединате хIижрат динчу шарахь. Ткъа иза хилла Милядин рузманца (Иза юкъаяьккхина Iийса-Пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) винчу шарахь.
Маьлхаца дIахьош ду оцу рузманца денош дагардар. Тахана йолчу кепехь иза юкъаяьккхина 1582-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 15-чу дийнахь) 622-чу шеран мангалан (июль) беттан 16-чу дийнахь, Мухьаррам беттан хьалхарчу пIераскан дийнахь.
Бусалбанийн рузманах Iилманчаша а, говзанчаша а беттан рузма а, хIижратан рузма а олу. Цунах беттан рузма аларан бахьана ду хан (денош) баттаца, беттан гуонаца ягаръеш хилар.
Беттан рузманан шеран 354,367 де ду. Оцу хена чохь батто 13-зза гуо тосу Лаьттана (Дуьненна). Беттан шо 10,875 а денна доца ду Маьлхан шарал а. 32,5 шарахь дийнна цхьа шо хуьлу цунах. ХIинца карадеанарг (дIадолалуш дерг) 1442-гIа шо ду.
Везачу АллахIа базбина баийтинчу беттанех цхьаъ бу Мухьаррам бутт. Далла хастам бу, вай хIокху батте даьхна волчу. ХIара бутт закат дIалуш бутт бу.
ХIокху баттахь доьхкуш ду тIом бар, вовшашца девнаш дахар. ХIокху баттахь АллахIа къаьсттина алсамбоккху Шен къинхетам. Мухьаррам беттан уггаре а деза лоруш ду уьтталгIа де. Iашуран де олу цунах.
Оцу дийнахь кхоьллина Дала Адам-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна). АллахIа оьгIазло йина ялсамани чуьра арадаьккхина (бехке бина стом баар бахьанехь) хилла долу Адаммий, Хьавай Делан къинхетамца, Iарафат ломахь юха а цхьаьнакхетта де ду иза.
Везачу АллахIа дуьнен чу хIорд баржийначул тIаьхьа Нохь-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) ной (хIорда кема) лаьтта тIе а кхаьчна, сецна, цу тIехь мел хилла са (адамаш, дийнаташ, сагалматаш, и.дI.кх.) лаьтта доьссина оцу дийнахь.
Iашуран де дара ИбрахIим-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) цIеран балех, Аюб-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) цамгаран балех, Юнус-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) чIеран балех хьалхаваьккхинарг.
Мухьаррам беттан Iашуран буьйса къаьсттина еза лоруш ю. Оцу буьйсанна Iамал-Iибадат дар, сагIа далар, диканаш дар алсамдаккха деза. АллахIа жоп ца луш ца дуьту оцу буьйсанна а, Iашуран дийнахь а, ойла Шена тIе а ерзийна, доггаха дина доIа. Оцу беттан хьалхарчу итт дийнахь марха кхабар деза суннат ду. Къаьсттина деза лерина Мухьаррам беттан 9–10–11-чуй деношкахь марха кхабар.
Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен цхьана хьадисехь аьлла: «Сийлахьчу АллахIа Iашуран де кхечу денойл деза дина. Дала оцу дийнахь кхоьллина стигланаш а, латтанаш а, хIорд а, седарчий а, Iалам а, маликаш а, Адам-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) а, ИбрахIим-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) а». (Муслим).
Муслима дийцинчу кхечу хьадисехь боху: «Iашуран деношкахь марха кхаьбначун дIадаханчу шеран къиношна гечдийр ду. СагIина цкъа кхаллал хIума еллачунна Дала Ухьуд лам санна йоккха ял лур ю».
Везачу АллахIа пурба лойла вайна сийлахьчу Мухьаррам беттан а, Iашуран дийнан а ларам, хьурмат дан!
Дала беркате, маьрша, токхе, ирсе доийтийла вайна бусалбанийн 1442-гIа шо!
Д.ХАМЗАТОВ
№67, хьаьттан (август) беттан 29 де, 2020 шо