Финалехь къовсалур берш билгалбевлла

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А-Хь.Кадыровн иэсана леринчу IX-чу Ерригроссин «Кавказан Аз» радиофестивалан экспертийн кхеташоно конкурсан финалисташ къасторан болх чекхбаьккхина.

Царна совгӀаташ дийр ду Соьлжа-ГӀалахь – карарчу шеран эсаран (октябрь) беттан 15-чу дийнахь.

Экспертийн кхеташоно динчу жамӀашца нийса а догӀуш, тоьлла белхаш конкурсан шорт-листа юкъа бахана.

Фестивалан программа golos-kavkaza.ru сайта тӀерачу «Документаш» агӀонехь зорбатухур ю.

«Кавказан Аз–2020» конкурсан шорт-лист иштта ду:
1. Бабаниязов Ильдаран Ландыш – «ТАТМЕДИА», Мамадыш;
2. Бородин Александран Юлия – «Радио Юнитон», Новосибирск;
3. Васильев Иванан Светлана – «Псков» ПТРК, Псков;
4. Данилиди Николайн Вера – «ФМ-на Дону» радио, Дона-тӀера-Ростов;
5. Дьячков Александран Валентина – «НТК» Телерадиокомпани, Краснодар;
6. Дабришюте Пятрон Дина – «Псков» ПТРК, Псков;
7. Ёлкин Александран Валентина – «Казак ФМ», Краснодар;
8. Загаев Аликан Руслан – «Грозный» НПТРК, Соьлжа-ГӀала;
9. Некрасов Игоран Элина – «Авторадио – Тверь», «Свежий ветер», Тверь;
10. Потопальский Леонидан Наталья – «ФМ-на Дону», Дона-тӀера-Ростов;
11. Рожков Сергейн Маргарита – «Липецк – ФМ», Липецк;
12. Старовойтов Олеган Михаил – «Казак ФМ», Краснодар;
13. Ткаченко Алексейн Юлия – «МИГ» «Радио-Ноябрьск», Ноябрьск;
14. Урзяев (Хлебская) Николайн Лидия – «Авторадио – Саранск», «Свежий ветер», Тверь;
15. Фадеев Владимиран Артем – «Радио Юнитон», Новосибирск;
16. Ходжаев Алиназаран Алишер – «ФМ-на Дону» радио, Дона-тӀера-Ростов;
17. Ханов Наилан Светлана – «ТАТМЕДИА» «Мамадыш-информ», Мамадыш;
18. Юрков Анатолийн Ирина – «Свежий ветер», Волгоград.

Х.ИСЛАМОВ
№67, хьаьттан (август) беттан 29 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: