Ша ларвархьама дан тарлуш долчарах уггаре а мехалниг ду куьйгаш цIена хилийтар. Куьйгаш цIена латтаде. Кест-кеста куьйгаш, саба а хьокхуш, дила я дезинфекци ечу хIуманех пайдаэца.

Иштта, дилаза долу куьйгаш бага, мера чу я бIаьргаш чу хьекхарх лардала хьовса (дукха хьолахь, вай царах ойла а ца еш сахьтехь, юккъерчу барамехь, 15-зза куьг Iутту).
Шайца лелае куьйгашна дезинфекци еш йолу хIума, муьлххачу хьолехь а куьйгаш цIандан аьтто хилийта.
ХIума яале хьалха даима а куьйгаш дила. Къаьсттина ларлуш хила адамаш долчу меттигашкахь: дешаран учрежденешкахь, аэропорташкахь, юкъараллин транспортан кхечу системашкахь.
Ницкъ ма-кхоччу кIезиг хьакхадала хьовса уьш санна йолчу меттигашкахь йолчу хIуманех, гIирсех. Шайн юьхьах куьйгаш ма Iитта.
Шайца лелае цкъа хьокхуш йолу салфеткаш, шаьш йовхар я хьоршам тухучу хенахь даима а дуьхьал хIума лаца, пайдаэцначул тIаьхьа иза дIа ца кхуссуш а ма Iе.
Кхечу адамаша куьг Iоьттина елахь, юкъахь лелочу пхьегIи чуьра а, юкъахь лелочу упаковки чуьра (бIараш, печенеш, чипсаш, кхиерш) хIума ма яа.
Вовшашка салам луш я хьал-де хоттуш куьг даларх а, меракхетарх а ларло.
ОРВИ-н дуьххьарлера билгалонаш гучуевлча шаьш шайна дарбалелор ма нисдалийта! Дарбанан учрежденешка сихха гIо деха.
Роспотребнадзоран Нохчийчохь йолу урхалла,
Нохчийн Республикин гигиенин а, эпидемиологин а туш
№67, хьаьттан (август) беттан 29 де, 2020 шо