Бераша доггаха йоьшура цуьнан байташ

Республикин С.Михалковн цIарахчу берийн библиотеко нохчийн халкъан поэтан Арсанукаев Шайхин 90 шо кхачарна лерина инстаграмерчу шайн агIонехь онлайн-рожехь дIакхайкхийначу конкурсан жамI дира хIокху деношкахь.

Конкурсан толамхой билгал а бохуш, поэт дагалацаран суьйре дIаяьхьира библиотекехь.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди а, филологин Iилманийн доктор Джамбеков ШаIрани а, Яздархойн союзан редактор Ирисханов Iимран а, яздархо Мамакаев Эду-Хьаьжа а, культурин министран ийманехь кхетош-кхиорехула хьехамча, Iеламстаг Эхаев Ризван а, Соьлжа-ГIалин коьртачу библиотекин №11 йолчу филиалан заведующи Юсупхаджиева Аза а.

Конкурсехь дакъалоцуш дара 7 шарера 16 шаре кхаччалц хенаш йолу бераш. Библотекин ешархоша а, Инстаграма чохь йолчу агIон тIе язбеллачара а, иштта дуккха а кхечу бераша а дакъалецира оцу конкурсехь.

Поэтан кхолларалла берашна евзаш, езаш хилар хаалора цара доггаха байташ йоьшуш яхкийтинчу видеокийсакашка хьаьжча.

Конкурсехь тоьлларш балийнера Арсанукаев Шайхин поэзина леринчу суьйрене.

Конкурсан дакъалацархоша, оцу суьйренехь юха а дIайийшира шаьш конкурсехь дакъалоцуш ешна байташ.

Мамакаев Эду-Хьаьжас а, Джамбеков ШаIранис а, Ирисханов Iимрана а берашна дийцира поэтах лаьцна. Ткъа Юсупхаджиева Азас поэтан «Амал» байт йийшира.

Нохчийн къоман литература кхиорна юкъа доккха дакъа диллина Шайхис. Цуьнан поэзи вайна массарна дукхаезаш, евзаш ю. Шен Даймохк, ненан мотт, къам дукхадезаш поэт вара иза. Цаьрга болу шен безам, лазам поэзехь бовзийтина цо. Кегийрхоша даима а йоьшуш хила еза цуьнан говзарш. ХIара санна йолу, яздархойн кхоллараллина лерина конкурсаш сих-сиха дIаяхьа а еза вайн берашна юкъахь, – элира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис.

Библиотекин ешархоша БуруевгIар Адама а, Аминас а Арсанукаев Шайхин «Ненан мотт» дешнаш тIехь даьккхина илли дIаэлира.

Цул тIаьхьа кхаа номинацехула билгалбехира конкурсан толамхой.

«За выразительность» номинацехь хьалхара меттиг яьккхира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Соьлжа-ГIалин №1 йолчу гимназин дешархочо Сатуев Мохьмада а, Курчалой гIалин №4 йолчу школин дешархочо Дохтукаев Заурбека а, шолгIа меттиг – Соьлжа-ГIалин №14 йолчу школин дешархочо Абубакарова Дагмарас, кхоалгIа меттиг – Д.Дадагован цIарахчу Гуьмсан гимназин дешархочо Буруев Адама.

«За артистизм» номинацехь хьалхара меттиг яьккхира Д.Дадагован цIарахчу Гуьмсан гимназин дешархочо Буруева Аминас, шолгIа меттиг – Курчалой гIалин №4 йолчу школин дешархочо Дохтукаева Хадижас, кхоалгIа меттиг – Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан «Заманан васт» актерийн кружокан декъашхочо Тавердиева Сумаяс.

«Оригинальное видео» номинацехь хьалхара меттига яьккхира Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан «Заманан васт» актерийн кружокан декъашхочо Амирова Марема, шолгIа меттиг – Соьлжа-ГIалин №18 йолчу школин дешархочо Ахмадов Темирлана, кхоалгIа меттиг – Соьлжа-ГIалин №39 йолчу школин дешархочо Амишев Ахьмада.

Конкурсан толамхой билгалбехира Сийлаллин грамоташца а, Баркаллин кехаташца а, совгIаташца а.

ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№67, хьаьттан (август) беттан 29 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: