Гимназера меттигаш дикка алсамъевлла

«ГIишлош а, гIалин дахар а» къоман проектан «Стимул» программин гурашкахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Соьлжа-ГIалин №1 йолчу гимназин керла корпус схьайиллина хIокху деношкахь. Керлачу корпусехь 600 дешархочунна меттиг ю.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) 69 шо кхачарна леринчу даздаршкахь дIадаьхьира керла корпус схьаеллар.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байсултанов Идрис, республикин ГIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитель Газалапов Ахьмад, Соьлжа-ГIалин мэр Хаджимурадов Iийса, школин хьехархой, дешархой.

Дешаран а, Iилманан а министра билгалдаьккхира, гимназин керла корпус яр бахьана долуш, кхаа рожехь долу дешар шина рожехь хирг хилар.

Цул сов, вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьалха хIоттийна Iалашо ю республикерчу школашкара кхаа рожехь долу дешар дIадаккхар. Оцу Iалашонца дIахьош а бу дуккха а белхаш.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) цIарах йолу гимнази Соьлжа-ГIалин юккъехь ю. Кхузахь, деш дукхапетарийн дуккха а керла цIенош ду. Кхуьуш ю хIара меттиг. Дукха адам дехачохь яккхий школаш оьшу. Тахана вай схьайоьллучу керлачу корпусо 600 дешархочунна схьайоьллур ю шен неIарш. Иза боккха кхиам бу, – элира Газалапов Ахьмада.

Юхьанцарчу классийн дешархошца цхьаьна, цIен аса а хадийна, керла корпус схьайиллира хьешаша.

Дешархой декъалбира дешаран керлачу кхерчаца а, тIедогIучу дешаран керлачу шарца а.

№67, хьаьттан (август) беттан 29 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: