Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) 69 шо кхачарна леринчу даздарийн гурашкахь Устрада-ГIалахь схьайиллира 720 дешархочунна меттиг йолу Кадыров Ахьмад-Хьажин цIарах дешаран туш.

Цигахь дакъалоцуш вара республикин Дешаран а, Iилманан а министр Байсултанов Идрис, Устрада-ГIалин мэр Масаев Илес.
«ХIокху заманан школа» федеральни проектан юкъайогIучу «Дешар» къоман проектан гурашкахь школашкахь кхаа сменехь долу дешар дIадаккхаран а, стандартаца догIуш долу дешаран хьелаш тодаран а Iалашонца йина ю дешаран керла туш.
Туьшана юкъайогIуш ю школин администрацин а, юьхьанцарчу классийн а, лакхарчу классийн а шайн-шайн корпусаш, актови а, спортан а залаш, йоккха библиотека, лаборатореш а, медицинин кабинет а, кхача кечбаран а, кхачабааран а чоьнаш.
Иштта, туьшана юкъайогIуш спортан масех майда а ю.
№67, хьаьттан (август) беттан 29 де, 2020 шо