Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим цхьаьнакхийтира республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министраца Ибрагимов Iийсаца.
Цара дийцаре дира оцу ведомствехь кхочушдеш долу гIуллакхаш, ткъа иштта, цунна хьалха лаьтташ долу декхарш.
М.Хучиевс билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана леррина шен тергонехь латтош хилар бахьана долуш тахана нохчийн кегийрхойн шайн таронех буьззина пайдаэца, хьокъала доллучу тIегIанехь Iилма Iамо, деша аьтто хилар.
Цунна тоьшалла до республикерчу кегийрхоша Ерригроссин форумашкахь а, конкурсашкахь а кхиамаш болуш хиларо.
«Иштта, Къилбаседа Кавказерчу кегийрхойн «Машук–2020» форумехь къобалйина Нохчийчуьрчу кегийрхойн 4,6 миллион сом мах болу 19 проект. Иза тIехдика кхиам бу. Цул сов, (Росмолодежан) Россин кегийрхойн грантийн конкурсийн жамIашкахула вайн регионна 57,6 миллион сом делла. И ахча дIахьажор ду республикехь мехала социальни проекташ кхочушъярна. Цу юкъахь, «Дикачу гIуллакхийн регион» цIе йолчу волонтерийн гIолацаран Ерригроссин регионийн тоьллачу практикийн конкурсехь дакъалацаран жамIашца 8,7 миллион сом делла добровольчествон гIолацаран тIаьхьалонан сетийн туьшаш кхолларна. Таханлерчу денна оцу харжех буьззинчу барамехь пайдаоьцуш бу», – бохура Правительствон Председатела.
Цо дийцарехь, кхин а 3,8 миллион сом делла 2021-чу шарахь СУЗашкахь волонтерийн туьшаш кхолларна.
№68, товбецан (сентябрь) беттан 2 де, 2020 шо