Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIокху деношкахь дIаяьхьначу кхеташонехь шен гIоьнчина, республикин хаамийн а, зорбанан а министрана Дудаев Ахьмадна тIедиллира махкахошца зIенаш латторан Нохчийн Республикин къоман агентстве шен болх дIаболабайтар.

Дудаев Ахьмада аьлла ма-хиллара, агентствос юридически а, консультацин а гIо дийр ду дозанал арахьа Iаш болчу Нохчийчоьнан бахархошна.
– Цул сов, билгалдеш ду кест-кеста Европин мехкашка нохчийн маттахь язйина литература яхьийтар, нохчийн мотт Iаморан онлайн-школаш схьаеллар, цхьацца бахьанашца вайн мехкан дозанал арахьа дIабаханчу нохчийн гIолацарехь кхидолу гIуллакхаш дар. Тешна ву, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун хIара дIадолор бахьана долуш, вайн халкъана доккхачу маьIне долчу дуккха а гIуллакхийн йистйоккхур хиларх, – элира республикин хаамийн а, зорбанан а министра.
№68, товбецан (сентябрь) беттан 2 де, 2020 шо