Кху деношкахь 95 шо кхочур дара, Шеларчу Дугаева Тамарин. Нохчийн зударех дуьххьарлера фармацевт яра иза. 1920-чу шеран 25-чу майхь Шеларчу совдегаран доьзалехь дуьнен чу яьлла йоI, 1927-чу шарахь яхара хьалхарчу классе деша. Иза чIогIа тешара советийн Iедалх, цо хесточу социализман зIаьнарех. Амма дукха хан ялале и сирла тешам хьошуш, шийла шеконаш йиссира цуьнан къоначу даг чу. Ерриге а советийн пачхьалкхехула чекхйолучу ежовщинин къиза тулгIенаш Шела а кхечира. Яьллачу цIеран хьесапехь х1аллакбеш бара Iеламнах, совдегарш, ши етт, масех эса вовшахкхетта массо маьрша стаг. Цу декъазчу декъехь нисвелира Дугаева Тамарин да Хьасин а. Дагахь доцуш кхаьчначу бохамо, дог эшийна, метта йожийра Тамарин нана а. ТIаккха дукха хан ялале иза кхелхира. Ша цхьаъ йисира кхиъна йогIу йоI. Хала мур бара иза. Делахь а Тамара къар-м ца елира.
Кхиамца Шеларчу школехь ворхI класс чекхйоккхий, Соьлжа-ГIала охьайогIу иза, лоьрийн училищехь деша Iалашо йолуш. 1940-чу шарахь чекхйоккху Тамарас лоьрийн училище, провизоран говзалла караерзош. Шеларчу №10 йолчу аптеке балха хьажайо къона говзанча. ХIинца санна паргIатонаш яцара цу муьрехь. Молханаш тоьаш дацара. Дукха хьолахь аптекашкахь кечдеш дара уьш. Ткъа провизор декхарийлахь ву оьшуш долу молха кеч дан хаа. Юьхьанца провизоран гIоьнча болх беш дIаболийра Дугаева Тамарас шен хьаналчу къинхьегаман некъ. Дукха хан ялале цуьнга кхочуш говзанча вацара йоккхачу Шелан кIоштахь. Цунна къеггина тоьшалла ду 1941-чу шарахь Дугаева Тамарина «Отличник здравоохранения СССР» сийлахь цIе тиллар. Шен болх Iаламат дукхабезара Тамарина, самукъадолура цунах. Де-буьйса ца лоьруш, иза даима кийча яра дархошна орцахъяла.Цундела иза массарна дукхаезара. Цо кечдина молханаш къаьсттина дарбане хетара шелахошна. Цуьнан хьехамашка леррина ладугIура массара. Багара йолу Iаь тамехь, мерза йолуш, оьзда йоI яра Дугаева Тамара. Луьрачу зиэрех чекхйийларх, амал каг ца луш, яхь дIа ца луш, доьналлица д1айоьдура иза шен халачу дахарехула.
1944-чу шеран 23-чу февралан шийлачу Iуьйранна, дерриге а нохчийн къам санна, махках яьккхира Дугаева Тамара. Казахстанан Къилберчу Джамбульски областе нисбеллера кхеран доьзал. Маре а цигахь яхара Тамара шен юьртахочуьнга Цутиев 1елига. Цунна вина кхо к1ант вара хьалакхуьуш. Бакъду, лаккхара корматалла йолуш говзанча яра аьлла, аптекехь болх бар-м ца хилира цуьнан. Юьхьанца масех шарахь, дукхах болчу нохчийн зударша санна, Iаьржа белхаш дора Тамарас, тIаьхьа лаборанткин болх бан аьтто белира, тIаккха совхозан бухгалтерехь белхаш бира.1956-чу шеран апрель баттахь бакъо елира цунна Джамбульски областерчу Чулак-Таун аптекехь урхалхочун даржехь болх бан. Дукха хан ялале, вайнахана цIабоьрзу некъ маьрша белира. Цунах мерза кхаъ хилла, сихонца новкъабевлира вайнах. Царна юкъахь яра вайн турпалхо а. Шен ворхIе да 1ийначу ша йина, кхиъна йолчу Шела юхайирзира Дугаева Тамара. Иза хьаьгнера шен юьртахойх, дукхабезачу балхах, даима дагна хьаам латточу уьйр-марзонех. Сутараллица тIейоьрзу иза балхана.
1958-чу шарахь Шелан кIоштан №14 йолчу аптекин урхалхо дIахIоттайо иза. Дукха къахьоьгу белхан ветеран йолчу зудчо кIоштан аптекин болх беркатечу низаме берзо лууш. Къаьсттина самукъадолу цуьнан вайнехан кегийрхошца болх беш, аптекин белхан мехалла царна йовзуьйтуш, цаьрца кхетош-кхиоран болх дIахьош.
«Хаарш доцуш, адамийн могашалла ларъечохь болх бойла дац», – олура цо кест-кеста шена уллерчу кегийрхошка. И тIечIагIдан санна, гIеметтахIоьттинчул тIаьхьа, деша яхара Тамара Ленинградерчу химико-технологически институтан, заочни декъе. Институте деша йоьдуш 45 шо кхаьчна зуда яра иза, х1усамнана, доьзалан нана яра, дикачу меттехь балхахь яра. И болх цуьнгара дIаийзош цхьа а вацара. Делахь а, Тамарина шена лиира, кегийрхошна масална хIуттуш, шен хаарш тIедузуш институт чекхъяккха. Нуьцкъала амал йолуш зуда яра иза.Синъондалла. Халонна бIо къажор болуш яцара цкъа а.
1973-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхира цо институт. Шен болх безар, цуьнан пусар дар, цуьнга сий-ларам хиларан тоьшалла дара Тамарас «дахаран малхбузехь» яьккхина и толаман гIулч. Шен 70 шо кхаччалц болх бира цо Шеларчу аптекин урхаллехь. Iедало делла дуккха а совгIаташ дара цуьнан. Делахь массо хIуманал мехала хетара Дугаева Тамарина Шелахойн шега болу ларам а, тешам а. Церан дуьхьа къахьоьгуш дIадахнера цуьнан дахар. 1991-чу шарахь вайна юкъара дIаяхара. Амма шелахойн иэсехь йисина иза цуьнан хьаналчу къинхьегаман сирла лар. Вайн бакъо яц иза йицъян. Нохчийн зударшна фармакологи боьду некъ баьстинчарех цхьаъ яра иза.
Тахана а оьшу вайна, юьхьарлаьцначу некъана тешаме иза долуш, и тайпа са цIена адамаш.
А.АРАПХАНОВА
шот, 30 май, 2015 шо, № 59