Туризман декъехь Нохчийчоьнца цхьаьна болх бан лууш ю Малайзи

Нохчийчоьнан туризмехула волчу министра Байтазиев Муслима цхьаьнакхетар дIадаьхьира Россин Федерацехь йолчу Малайзин Посольствон Хьехамчица, Малайзин туризмехула йолчу Къоман офисан директорца элаца Джеффи бин Мунирца.

Малайзин Посольствон делегаци вайн республике еанера регионан туризман таронаш йовзаран а, туризман декъехь Малайзис а, Нохчийн Республико а шина а агIонна пайдехь долу гIуллакхаш цхьаьна лелоран хьокъехь барт баран а Iалашонца.

Малайзерчу коллегаша дийцира шайн дуккха а бахархой вайн регион йовза лууш хиларх а, кхуза богIуш а, бахка лууш а хиларх лаьцна. Коьртачу декъана уьш вайн езачу меттигашка а, маьждигашка а хьовса лууш хуьлу, – бохура М.Байтазиевс. – Оха йийцаре йира Къилбаседа Кавказерчу баккхийчу берриге а туроператоршца цхьаьна гIуллакхдан йолу таронаш. Дийцира Соьлжа-ГIалара Малайзин гIаланашка лелаш кема юкъадаккха тарлуш хилар а.

Вайн министра дийцарехь, оцу пачхьалкхехь туризм кхуьуш йолу иттаннаш шераш ду.

2019-чу шарахь дозанал арахьара 28 миллион сов турист вахана Малайзе. Мехкан ВВП-х 25 процент туризмана кхочу. Цунах Iама дуккха а хIума ду. Оцу пачхьалкхаца цхьаьна еххачу хенахь а, беркате а гIуллакхаш дийриг хиларх тешна ду вай, – дерзийра М.Байтазиевс.

Хь.САИДОВ
№68, товбецан (сентябрь) беттан 2 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: