Соьлжа-ГIаларчу Кегийрхойн цIийнехь дIадаьхьира «Россин къона совдегар – 2020» Ерригроссин конкурсан регионан муьран толамхошна совгIаташ дIадалар. Иза вовшахтоьхнарг яра Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерство.

Конкурсан Iалашо яра кегийрхойн совдегаралла кхиорна гIо дар а, республикехь жимачу а, юккъерчу а совдегаралла лелочарах тоьлларш билгалбахар а.
«Жима а, юккъера а совдегаралла а, шакъаьстинчу совдегаршна гIо-накъосталла дар а» цIе йолу къоман проектана юкъайогIучу «Совдегаралла дIакхайкхор» регионан проектан гурашкахь, масех номинацехь дIахьош бара конкурсан регионан мур.
ЖамIаш дина, къастийра конкурсан толамхой:
– «Франчайзинг» номинаци: «Берийн цIа» билингвальни монтессори-туьшан векал Дадашева Амнат;
– «Интернет-совдегаралла» номинаци: ООО «IT DEV SOFT», Хажиалиев Хьамид;
– «Производство» номинаци: ООО «Гарант», Бошаев Апти;
– «Махлелор» номинаци: «АКВАКАВКАЗ», Эдельбиев Адам;
– «ГIуллакхийн дакъа» номинаци: ООО «Бериавто», Альсултанов Ислам.
Конкурсан регионан муьран толамхойн а, совгIатхойн а аьтто бу хIокху шеран лахьанан (ноябрь) баттахь Уфа гIалахь дIахьур болчу федеральни муьрехь а дакъалаца.
«Россин къона совдегар – 2020» конкурсан федеральни муьрехь, дакъалацархошна лерина совдегарийн форум дIахьур ю. Цигахь, ерриге пачхьалкхерчу къоначу совдегарийн шайна зеделларг довзийта а, царна зеделлачух пайдаэца а таро хир ю.
Вайн республикерчу къоначу совдегаршна цахуург довзарехь а, кхечу регионашкарчу совдегаршца гIуллакхаллин юкъаметтигаш чIагIъярехь а мехала хир ю и форум.
I.МУРТАЗОВ
№68, товбецан (сентябрь) беттан 2 де, 2020 шо