«Россин шеран Хьехархо» конкурсан финал тIедогIучу шарахь хир ю

Ерригроссин «Шеран Хьехархо – 2020» конкурсан вовшахтохараллин комитетан а, Россин Федерацин серлонан министерствон а, «Учительская газета» редакцин а, Ерригроссин Профсоюзан а хиллачу сацамца конкурсан очни кепара хуьлуш йолу финал 2021-чу шеран хьалхарчу чийликехь дIаяхьа лерина.

ХIоьттина долу санитарин-эпидемиологин хьал бахьанехь хилла и хийцам. Ткъа конкурсан регионан мур 2020-чу шеран гурахь дIахьур бу. Иза а очни я дистанционно кепара хила тарло, Россин Федерацин хIора регионехь долчу санитарин-эпидемиологин хьоле хьаьжжина.

Оцу хийцамашна ша реза хилар хаийтина Россин Федерацин Правительствон председателан заместитела Голикова Татьянас.

Россин субъектийн куьйгаллашна тIедиллина и гIуллакх кхочушдар тидамехь латтор а, регионан муьран жамIаш гIуран беттан 25-гIа де тIекхачале довзийтар а.

Изза сацам хилла «Россин шеран кхиорхо» конкурсан хьокъехь а.

Дагадоуьйту, «Россин шеран Хьехархо – 2019» конкурсан толамхо Волгоградан областера Арачашвили Лариса хилла хилар.

Конкурсан ламастаца нийса а догIуш, цул тIаьхьа йолчу конкурсан финал толамхочун махкахь дIахьо.

З.ХИЗИРОВА
№68, товбецан (сентябрь) беттан 2 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: