Хьомсара доттагIий! Даггара декъалдо шу Нохчийн Республикин уггаре а коьртачех цхьаъ долчу дезачу денца – Бахархойн барт а, цхьаалла а хиларан денца! Оцу дийно гойту юкъараллехь вовшех кхетар, ойла цхьаьна яр хилар, машар хилар. Цуьнга кхачарехьа вай боккха мах дIабелла.

ХIара деза де юкъадаьккхина 2002-чу шарахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас.
Хьекъале, хьикмате, генна хьалха хиндерг гуш волу политик хиларе терра иза дика кхеташ вара, йохийна, яржийна, дIасаекъна йолу юкъаралла цхьаьнатохар, бIешерийн зилехь баккхий бохамаш, эшамаш хиллачул тIаьхьа регион когахIотторна а, цуьнга зазадаккхийтарна а, иза кхиорна а бух хилла дIахIуттург хиларх. ХIинца, юхахьаьвсича, вай кхета иза Iаламат чIогIа нийса хилла хиларх!
Ахьмад-Хьаьжина гонаха вовшах а таьIна, цуьнан хьекъале некъ кхидIа а дIа а хьош, вай меттахIиттийра йохийна хилла гIаланаш, ярташ, дуьненан исторехь дуьххьара хIаллакйина дIаяьккхира дуьненаюкъара терроризм, ондда машар а, юкъараллин къепе а хиларе кхечира, кхачойира тешам боллуш экономика кхиорна, бахархойн хьал-де тодарна, зовкх лакхадаккхарна. Коьртачу декъана, и дан таро хилира бахархойн барт а, цхьаалла а хилар бахьана долуш.
Тахана вайн республикера бахархой маьршачу стигал кIелахь бехаш бу. Церан аьтто бу шайн интеллектуальни, кхоллараллин, синан таронех, лаамех буьззина пайдаэца. Адамаш тешна хиларца хьуьйсу хиндолчуьнга, уьш вайн Сийлахь-боккхачу Даймехкан – Россин зовкхан дуьхьа къахьоьгуш ду. Вай кхул тIаьхьа а лар а йийр ю, чIагI а йийр ю вайн цхьаалла!
Суна даггара лаьа шу маьрша, шаьш лелочух беркат хуьлуш, ирсе дехийла. Дала даима а аьтто бойла шун!
№69, товбецан (сентябрь) беттан 5 де, 2020 шо