А-Хь.Кадыровн цIарахчу мемориалан музейн куьйгалло дIасахьочу гайтамна юкъабогIуш болу «Нохчийн халкъан доврдоцу иэс» цIе йолу гайтам дIабаьхьира Итон-Кхаьллахь йолчу Хь.Исаевн цIарахчу мохкбовзаран музейхь.

Гайтаме баьхкинчарна гайта охьаехкина яра Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIуманаш.
Ахьмад-Хьаьжин 1957-чу шарахьлера ручка, шекъа дуттург, шекъа чохь леладо шиша, 1968-чу шеран хIутосург (май) беттан 25-чу дийнахь даьккхина сурт, шен кIантаца, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчу Кадыров Рамзанца къамел деш даьккхина сурт, Ахьмад-Хьаьжас Нохчийн Республикин Парламентан депутатана Дадаев Лоьмина елла хилла галстук а, ручка а, иштта кхин дуккха а хIуманаш а.
Гайтамехь дакъалецира Итон-Кхаьллан кIоштан администрацин куьйгалхочо Алхастов Мовсара, республикин Чохьарчу гIуллакхийн министерствон Итон-Кхаьллан кIоштахь йолчу отделенин хьаькама, полицин полковника Цабаев Ризвана.
Гайтаме баьхкинчарна Хь.Исаевн цIарахчу мохкбовзаран музейн директора Якубов Ислама дуккха а дийцира Ахьмад-Хьажин дахарх, цуьнан некъах лаьцна.
Хьовса охьаехкинчу хIуманашка хьовса кIоштара дуккха а нах баьхкинера.
Царна боккха кхаъ хиллера шайн кIоштахь хIокху тайпа гайтам дIабахьарх а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахарера хIуманех бIаьргтоха шайн аьтто хиларх а.
ВЕГИЕВА Макка
№69, товбецан (сентябрь) беттан 5 де, 2020 шо