Собаре а, кIеда-мерза а терапевт

Бибулатова Хадижат Олхазаран а, Берлантан а доьзалехь дуьнен чу яьлла. Цо 10-чу классе яллалц Шеларчу номер 4 йолчу школехь дешна, цул тIаьхьа, циггарчу №1 йолчу школе дехьа а яьлла, 11 класс чекх а яьккхина.

Хадижат жимачохь дуьйна лоьран говзалла хазахеташ, Медицинин институте деша яха лууш яра. Школехь а, кIоштарчу школашна юкъахь а дIахьош хиллачу химихула олимпиадашка йохуьйтура иза. Цигахь цо даима хьалхара меттигаш а йохура.

Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна тIехдика доьшуш хиллачу Хадижатан дуккха а Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а ду.

Юьхьарлаьцначу Iалашоне кхачархьама (лор хила) Хадижат Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин институте терапевтан говзалла караерзон деша йоьду. Цигара дешар а тIехдика чекхдоккху цо.

«Тхан ректор Байсултанов Идрис вара. Студенташкара экзаменаш дIаоьцуш иза ша хуьлура. 1-чу курсехь дуьйна нехан цIен тIехь йолуш, академин отпуск эца аьтто боцуш, дукха хала дешна ас цигахь. Цхьана а экзаменна юхаяларе ца йоьдуш, хала хиллехь а, кхиамца дешна елира», – иштта дагалоьцу Хадижата ша вузехь дешна хан.

Таханлерчу дийнахь Шелан кIоштан поликлиникехь куьпан терапевтан болх беш ю Хадижат.

Терапевтан болх дукхапрофилан бу. Цундела хала а, собаре а хила езаш бу. Лаккхара говзалла оьшу адамийн дахарца боьзна болчу лоьран балхана.

Хадижатан тергонехь дуккха а нах бу.

Дуьненахь санна, вайн республикехь а COVID-19 кхерам хIоьттинчу хенахь, цхьана а дийнахь цIахь ца соцуш, шен белхан декхарш кхочушдеш, схьаеана иза.

Ун хьакхаделлачу дархойн цIа а оьхуш, уьш шайн поликлиникин тергоне а оьцуш, дарбанаш лелийна. ХIинца а шен кабинета чохь, кхин дархой ма-эццара, коронавирусан ун дерш а тIеоьцу цо.

«Хьан балхахь уггаре а чIогIа оьшуш дерг хIун ду?», – аьлла, хаьттича, Хадижата, ела а елла, иштта жоп делира: «Коьртаниг хьекъал, кхетам хилар а, дархошца собаре хилар а, цаьрга леррина ла а доьгIна, церан догъэцар а ду. Айса дарбанаш лелийначу нахана гIоле хилча цунах доккха хазахетар хуьлу суна. КхидIа а болх бан дог а догIу, цо ницкъ а ло».

Шелахь ехаш а, цигарчу школехь болх беш а йолчу Бугаева Тоитас а элира Хадижатах лаьцна довха дешнаш.

«Хадижат хIокху гIалахь цIе йокххуш, дика терапевт ю. Дархошца кIеда-мерза а, собаре а, гIиллакхе а ю. Цундела, терапевташ дукха белахь а, цунна тIекхача лууш хуьлу цамгаро лаьцнарш», – бохура цо.

Л.ИБРАГИМОВА
№69, товбецан (сентябрь) беттан 5 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: