Къоман библиотекехь – книга йовзийтар

Нохчийн Республикин А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь дIадаьхьира къоначу поэтан Ганаев Зауран «Кехатан салти» книга йовзийтар.

Суьйре дIахьош вара Нохчийн Республикин яздархойн союзан Председатель Ибрагимов Канта.

Иштта, цигахь дакъалоцуш бара: Яздархойн союзан коьрта редактор Ирисханов Iимран, поэтесса Резванова Айза, къоначу яздархойн «Синмаршо» цхьаьнакхетараллин дакъалацархой Халикова Асет, Хаяури Инга, Виситаева Тумани, иштта кхиберш.

Авторх а, цуьнан книгах а, шена хеттарг олуш, вистхилира яздархо Ибрагимов Канта: «Заур, къона хилла ца Iаш, похIме, хилла ваьлла поэт ву. Дуьнене шен хьежамаш болуш, йистйоцу хIорд санна, ойланаш ю Зауран. Кхечу пачхьалкхехь а Iийна, шен махка цIавирзина ву иза, цуьнан дог-ойла Нохчийчоьнца ю. Зауран поэзи цхьаннах тера йоцуш, шен башхалла йолуш, шен кепарчу серлонах а, хIаваах а лаьтташ ю«.

Цул тIаьхьа бистхиллачара – Ирисханов Iимрана, Барзанукаева Айзас, Халикова Асета, Хаяури Ингас – тIечIагIдира къоначу поэтан поэзи нохчийн литературина юкъа керланиг дохьуш еана хилар.

Авторан керлачу говзаршка шаьш сатуьйсуш хилар а хаийтира цара.

Ганаев Заура даггара баркалла элира ша лерина цхьаьнакхетаре баьхкинчарна.

МАГОМАЕВ Хан-Мохьмад
№69, товбецан (сентябрь) беттан 5 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: