Устрада-ГIалахь а хир ю «Беркате поликлиника»

ТIаьхьарчу шерашкахь бахархойн медицинин хьашташ кхочушдаран Iалашонца Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министерствос кхочушъеш дуккха а проекташ а, программаш а ю.

Царах цхьаъ ю баккхийчеран а, берийн а поликлиникийн болх ницкъ кхочучу барамехь сиха а, дика дIахIотторан некъаш лахар. Иштта кхоллаелла ю «Беркате поликлиника» аьлла проект.

Федеральни «МогашаллаIалашъяр» Къоман проектан гурашкахь кхочушъеш ю «Беркате поликлиника» проект.

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствос болх бо и тайпа поликлиникаш вайн республикехь схьайоьллуш. Карарчу хенахь Устрада-ГIалин №1 йолчу поликлиникехь а схьайоьллур ю «Беркате поликлиника».

Устрада-ГIалин поликлиникашкахь бахархойн хьашташ кхочушдар тодаран Iалашонца схьайиллина call-туш ю. Цигахь болх беш 2 оператор ву. Телефонехула заявкаш схьаоьцу оператора. Бахархойн лааме хьаьжжина, оьшуш волчу лоьрана тIекхача сихо ян гIо до цара.

Терахьашца аьлча, баккхийчарна юкъара 79 процент а, берашна юкъара 81 процент а дистанционни кепара дIаязлуш хуьлу поликлиникийн лоьрашна тIе.

Дика агIонаш дуккха а ю оцу хьесапан. Дархойн хан, ницкъ кхоорхьамма а, лоьрийн хуьлуш болу ницкь лахбархьама а юкъаялийна «Беркате поликлиника».

И тайпа поликлиника хилча, регистратурашкахула, хан йойъуш, лела дезаш ца хуьлу. Лоьре дIакхаьчна хуьлу шена тIевогIучу дархочух болу хаам.

Ткъа бахархой тIеэцар а шина декъехь нисдина хуьлу: баккхийнах, бераш, цомгашнаш, могашнаш. Поликлиники чохь долу хьелаш а дархошна аьтто болчу агIор нисдина хуьлу. Масала, охьахаар, садаIар.

Устрада-ГIалин поликлиникехь ши зал а, беран а, ненан а чоь а хир ю. Карарчу хенахь ремонтни белхаш дIахьош бу берийн садаIаран, ловзаран майданахь.

Иштта, дицдина дац лоьрийн белхан меттигаш аьхна, аьтто болчу агIор хилийтаран гIуллакх а. Дийнахь сарралц болх беш йолу меттиг мелла а беркат, аьтто совболучу агIор хилийта хьовса деза.

Компьютеран гIоьнца наха беш болу кехатийн ах сов болх дIаболу ишттачу поликлиникашкахь.

Кехатийн, тептарийн балхо дIалоцуш хилла йолу лоьрийн хан хIинца дархочун гIуллакхна хьажо йиш хир ю.

ГIалин бахархошна езалур ю кестта схьайоьллур йолу «Беркате поликлиника».

З.ХИЗИРОВА
№70, товбецан (сентябрь) беттан 9 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: