Экспортан тӀаьхьало кхиоран Iалашонца нийса а догӀуш, Нохчийчохь кхочушъеш ю «Нохчийн Республикера АПК-н сурсаташна экспорт яр» аьлла йолу республикин проект.

Хьаьттан (август) беттан 16-чу дийнахьлерчу хаамашца, экспортан барам 7 млн. доллар бу, дIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича, 265,3 процентана алсам хуьлу иза.
Сурсатийн барам 34,2 эзан тонна бу, дIадаханчу шеран (буьйцург изза мур бу) барамал а 3,5-зза алсам хуьлу иза. Цул сов, хьаьттан баттахь экспортан барам алсамбаьлла хилар а билгалдолу – экспортах долуш долу ахча 62 процентана алсамдаьлла, ткъа сурсатийн барам – 75 процентана.
АПК-н сурсатех уггаре а дукха Нохчийчоьно духкуш ду кенан ярташ, хӀунда аьлча, дийнна доьхкинчу 34,2 эзар тонна сурсатех уьш (кенан ярташ) 34 эзар тонна нисло, ахчане даьккхича, 6,6 млн. доллар а хуьлуш.
Цул тӀаьхьа жижиг а, жижигах дина сурсаташ а догӀу – 0,5 процент я 0,1 млн. доллар.
КхидӀа чӀерий, хица кхин сурсаташ а догӀу – 0,1 процентана тӀера 0,5 процента тӀе кхаччалц я 0,2 млн. долларан барам.
Дагадоуьйту, къоман проектаца нийса а догӀуш, 2024-чу шарахь Нохчийчуьрчу АПК-н сурсаташна экспорт яр 5,2 млн. долларан барамехь хила дезаш хилар.
И.ХАСАХАНОВ
№70, товбецан (сентябрь) беттан 9 де, 2020 шо