Цхьа а де мокъа доцуш, къона тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе, эхь-бехк, яхь-юьхь йолуш кхиоран декъехь болх беш бу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацица зIенаш латторан департаментан куьйгахой а, говзанчаш а. Иштта, хIокху деношкахь оцу департаментан директор Дадаев Ризван цхьаьнакхийтира ийманехь кхетош-кхиоран Юкъара Концепци кхочушъярехь дакъалоцуш йолчу министерствийн а, ведомствийн а векалшца. Цигахь дакъалоцуш вара иштта Нохчийчоьнан культурин министр Дааев Хож-Бауди.
Цигахь дийцаре дира бераша жигара садоIучу аьхкенан муьрехь уьш ийманехь кхетош-кхиоран гIуллакхаш. Дадаев Ризвана аьлла ма-хиллара, аьхкенан муьрехь сацон йиш яц берашца, кхиазхошца, кегийрхошца дIахьош болу ийманехь, гIиллакхехь кхетош-кхиоран болх. Мелхо а, оцу муьрехь кхин а алсамбаккха беза цаьрца беш болу болх. Къаьсттина тидам тIебахийта беза интернетехула даржош долчу зуламах къонанаш ларбарна. Цхьана денна хьовха, цхьана сохьтана а малбан мегар дац интернетах долучу зуламах кегийрхой ларбарна тIехь латтош болу тидам а, болх а. Оцу белхан керла кепаш лаха еза. Уьш юкъаяло а еза.
Дааев Хож-Баудис дийцира кегийрхой ийманехь, оьзда, гIиллакхе, дайн Iадаташ тIехь кхетош-кхиорехь шайн ведомствехь дIахьош болчу балхах а, цо луш долчу жамIех а, цунах долучу беркатех а лаьцна. Иштта цо дIахаийтира оцу декъехь кхечу министерствошца а, ведомствошца а цхьаьна болх бан шаьш кийча хилар.
Къинхьегаман а, социальни кхиоран а министран заместитела Гатаев Муслима дийцира, хIокху аьхка вайн регионерчу 17 эзар дешархочо берийн лагершкахь садоIург хиларх а, шайн могашалла меттахIотториг хиларх а лаьцна. Берашна Нохчийчохь садаIийтарна а леррина тидам тIебахийтина карарчу шарахь. М.Гатаевс чIагIдарехь герггарчу хенахь Шелковски районехь схьайоьллур ю 300 бере цхьаьна хенна садаIийта аьтто болу лагерь. «Вайн цIахь садоIуш долчу берашца кхетош-кхиоран болх дIабахьа, уьш зуламечух лардан дуккха а атта хир ду. Цаьрца цхьаьнакхетарш дIахьур ду муфтиятерчу Iеламнаха, дешаран заведенешкарчу хьехархоша, кхечара», – элира цо.
Цул тIаьхьа Дадаев Ризвана йовзийтира кху шеран кхоалгIачу кварталехь тIекхуьу къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран юкъара Концепци кхочушъяран план. Цу тIехь коьрта тидам тIебохуьйту интернетах долучу зуламах вайн къона чкъор лардарна а, харцахьа лела, аьрха кхиазхой кхеторна а. Цаьрца болх дIабахьа беза чохь а, арахь а, юкъараллин меттигашкахь а. Уьш хаддаза Iуналлехь хила беза. Иштта мехала ду аьхка бераша садоIучу муьрехь берашна бусалба дин, суфин, тIарикъатан некъ хьехар, бовзийтар. Иза а билгалдаьккхира шайн къамелашкахь цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачара.
«Вайн бераш, кегийрхой кхечу регионашкарчу шайн нийсархойх къаьсташ хуьлу гIиллакхе, оьзда, яьхь-юьхь йолуш хиларца. Иза уьш ийманехь кхетош-кхиорехь дIабаьхьначу боккхачу белхан дика тIаьхье ю. Иштта болх кхин цхьана а меттехь дIахьош бац. КхидIа а, жигаралла лах а ца еш. и болх дIабахьа беза вай», – элира Р.Дадаевс. Цо бохург къобалдира кхуза баьхкинчара массара а.
С.ХАМЗАТОВ
шот, 30 май, 2015 шо, № 59